ХIора шарахь хIутосург (май) беттан 24-чу дийнахь билгалдоккхуш ду Славянийн йозанан а, культурин а де.
Оцу денна лерина Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо Шелковски кIоштан культурин цIийнехь этнокультурин туьшашна юкъахь «ДоттагIаллин кочар» халкъан кхоллараллин республикин фестиваль дIаяьхьира.
Славянийн йозанан а, культурин а дийнахь дагалоьцу славянийн абат хIоттийна волу Кириллий, Медофий.
Россин Федерацин дукха халкъаш ду оьрсийн мотт Iамош, оцу маттахь дешар, болх-некъ нисбина Iаш. Вайн республикехь бехаш а бу иттанаш къомах болу нах. Царах бу туркой, гIумкий, гIезалой, ногIий, казахаш, гIалагIазкхий, жIайхой, кхиберш. Царах хIораннан а шен къоман моттий, культурий ю. Амма и халкъаш вовшахтухуш берг, царна юкъахь зIе латтош берг оьрсийн мотт бу.
Фестивалан концертан программа хазйинера культурийн туьшийн коллективаша дечу къоман хелхарша а, шайн-шайн къоман маттахь дIаолучу иллеша лоькхучу эшарша. Шайн культура йовзуьйтуш кхузахь дакъалецира гIезалойн а, ногIийн а, гIалагIазкхийн а, оьрсийн а, Оьрза-ГIаларчу гIалагIазкхийн а, гIумкийн а къаьмнийн культурин туьшаша.
Къоман мотт, культура йовзуьйтуш дIахьочу фестивалаша дикачу агIор тIеIаткъам бо халкъашна юкъахь доттагIалла чIагIдарна.
Мотт, хелхарш, къоман ламасташ хIора къоман шен-шен делахь а, амма юкъара мотт, юкъара бахам – оьрсийн мотт хилар билгалдира фестивалан дакъалацархоша.
З.ХИЗИРОВА
Суьрта тIехь: «ДоттагIаллин кочар» фестивалан дакъалацархой
№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо