Республикерчу школашкахь ЕГЭ дIаяларан мур бу. Географин а, информатикин а предметашкахула экзаменаш дIаяларца болийна иза. Информатикехула экзамен дIалуш 480, георгафехула 253 дешархо вара. Оцу гIуллакхна лерина билгалъяьккхина 8 меттиг яра.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службин хаамашца, информатикехула экзамен шина декъах лаьтташ яра 27 тIедиллар кхочушдан а дезаш. Оцу балхана лерина елла хан 3 сахьт 55 минот яра.
Информатикин а, ИКТ-н а ЕГЭ-на уггаре лахара хIоттош йолу балл 40 ю. Баллаш оццул а ца хилча, экзаменан лехамаш кхочушбина лоруш бац.
Географин предметехула экзаменан болх а бара шина декъах лаьтташ, цуьнан тIедахкарш кхин а алссам дара – 34. Царна елла хан 3 сахьт яра.
Пачхьалкхан юкъара экзамен дIалучеран оьшучохь линейка а, транспортер а лело бакъо яра. Географин предметехула ЕГЭ-на уггаре а лахара хIоттош йолу балл – 37 яра.
Экзамен дIаяларна тIехь терго латтош бу Рособрнадзоран говзанчаш а, юкъараллин организацийн векалш а.
Кху шарахь пачхьалкхан юкъара экзаменан коьрта мур хIутосург (май) беттан 28-чу дийнера мангалан (июль) беттан 2-чу дийне кхаччалцдIабаьхьира.
Оьрсийн маттехула ОГЭ дIаелла
Нохчийн Республикин юкъарадешаран организацийн 9-чу классийн дешархоша Пачхьалкхан коьрта экзаменаш дIаялар оьрсийн меттан экзамен дIаяларца дIадолийна.
Аттестат схьаэца луучарна дIаялар тIедиллина долчу 4 экзаменах цхьаъ ю иза. Оьрсийн меттан а, математикин экзаменаш а массара дIаяла еза, ткъа йисина 2 экзамен дешархойн лааме хьаьжжина къаста йойтуш ю.
Пачхьалкхан коьрта экзамен (ОГЭ) республикин 127 пунктехь дIалуш ю. Иза дIаяла регистрацех чекхваьлларг 22 502 дешархо ву. Царна юкъахь 1 857 дешархо Пачхьалкхан арахецаран экзамен (ГВЭ) дIалуш а ву (иза могашалла ледара йолчу дешархоша дIалуш ю.).
Экзамен дIалучу хенахь низам лардайтаран Iалашонца онлайн рожехь болх беш видеокамерш ю.
Пачхьалкхан экзаменан комиссин 322 декъашхо а, 30 региональни юкъараллин организацешкара тергамхо а, федеральни юкъараллин тергамхо а ву.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№42, шинара, асаран (июнь) беттан 5-гIа де, 2018 шо