Энергетикашна 100 сов машен елла

Нохчийчоьнан а, цуьнан бахархойн а токаца доьзна хьашташ кхочушдаран акционерийн «Чеченэнерго» юкъараллина керла 106 машен елира хIокху деношкахь. Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цул сов цигахь хилира Нохчийчоьнан Правительствон премьер-министра Эдельгериев Абубакара, Парламентан спикера Даудов Мохьмада, Россин Пачхьалкхан Думин депутата, Нохчийчоьнан энергокомплекс кхиоран декъехь йолчу оперативни штабан куьйгалхочо Делимханов Адама, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, юкъараллин куьйгалло, белхахоша.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикин энергокомплексера хьал, дукха хан йоццуш, чIогIа ледара хилла хилар. Цо дийцарехь, цигахь хийцамаш баран Iалашонца кхоьллина яра республикин энергокомплекс кхиоран декъехь йолу оперативни штаб, куьйгалле Делимханов Адам а хIоттош.

«Тахана вайна гуш дерг кхин сурт ду. «Чеченэнергон» дукха боккха бахам бара, амма компанин куьйгалла а, белхахой а дика ларийна шайна хьалха вай хIоттийначу декхарца – бахамехь къепе а, низам а ду. Иштта, юкъараллина хьалха долу бахархойн декхар а лахделла. Материальни-техникин бахам кхиоран а, кхузаманахьлера керла подстанцеш схьаелларан а, токан керла сеташ тийсаран а декъехь беш жигара болх бу», – элира республикин Куьйгалхочо.

Оперативни штабан болх машен а, жигара а хиларна Делимханов Адамна баркалла элира цо.

Шен къамелехь Делимханов Адама гулбеллачеран тидам тIебахийтира «Чеченэнергона» керла 106 машен ялар республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, «Россети» компанин куьйгаллин а хиллачу бартаца хилла хилар.

«ХIинццалц компанин балансехь 300 ца кхоччуш машен яра, царах цхьаерш лелон 15 шо хан а йолуш. И бахьана долуш, энергетикашка кхачам боллуш шайн декхарш кхочуш ца далора. Амма хIинца, Ахьмадан Рамзан, ахь гIо-накъосталла дар бахьанехь, хIокху компанина керла 106 машен ялийна. Цунах доккха гIо хир ду нохчийн энергетикашна», – элира республикин энергокомплекс кхиоран оперативни штабан куьйгалхочо.

Иштта, цо хаийтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Юкъараллин фондан президентан Несин Айманин сацамца «Чеченэнерго» компанина декхар хиллачу 3 эзар абонентана тIера ахча дIаделла хилар а.

Нохчийчоьнан энергосистема кхиорехь жигара дакъалацарна компанин белхахошна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехаташ а, Сийлаллин грамоташ а луш дIадирзира гIуллакх.

И.ИСЛАМОВ

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: