Акха дийнаташ деборхьама

Говзанчаша дечу хьесапашца тахана Нохчийчохь цхьаъ ах эзар сов борз ю. Цара бахамна хIора шарахь деш долу зен 240 миллион соьме кхочу.

Цунах лаьцна хаамбо регионан талларан бахаман урхаллин куьйгалхочо Ахмадов Сайд-Iабдуллас Россин Iаламан таронийн а, экологин а министран С.Е.Донскойн цIарах ша яздинчу кехата тIехь. Цуьнца доьзна цо тидам тIебохуьйту «Iаламан таронаш дебор а, царах пайдаэцар а» аьлла йолчу пачхьалкхан программица нийса а догIуш, талларан бахам кхио а, талларан таронаш меттахIитто езаш а хиларна. Цунна новкъарло еш долу бахьанаш а даладо: вайн республикехь берзалой тIех дукха яьржина хилар а, цара деш долу даккхий зенаш а.

И гIуллакх девзаш болчу говзанчийн хьесапашна тIе а тийжаш, урхаллин куьйгалхочунна хетарехь, билгалйинчу Iалашоне кхачархьама хIора шарахь 500–800 коьрте кхаччалц йолу берзалой хIаллакьян еза вайн регионехь. Иза дан цхьаъ бен некъ бац:оцу балхана таллархошна йийначу хIора барзах тIера 30 эзар соьме кхаччалц ял ялар.Ткъа цунна лерина ахча билгал ца даьккхина хIокху шарна.

Иза чIагIдеш билггалчу документана тIетийжа вайн регионан коьрта таллархо. Нагахь Россин Федерацин Правительствон дIадаханчу шеран мартехьлерчу сацамца тIеэцначу «Iаламан таронаш дебор а, царах пайдаэцар а» аьлла йолчу пачхьалкхан программи тIехь леррина берзалойн дукхаллин барам билггалчу  цхьана тIегIанехь латторна тIехьажийна федеральни бюджетера Россин субъектийн бюджеташна къастош йолу субвенцеш 420 миллион соьмана алсамъяха билгалдеш хиллехь, кху шарахь Россин  Правительствос чIагIйинчу пачхьалкхан программин керлачу редакцехь цунах лаьцна аьлла цхьа а дош дац, я оцу Iалашонна билгалдина цхьа а сом ахча а дац. Цу тIехь федеральни центро гIо деш ца хилахь, оцу декхарца ларо Iаламат хала хирг хилар дIахоуьйту цо, берзалойн барам нисбарна лерина йолу субвенцеш юха а пачхьалкхан программина юкъаялоран гIуллакха тIехь гIо лацар а доьху.

Ларамаза дац берзалойн барам алсамбаларца доьзначу гIуллакхо  С-I.Ахмадовн сел чIогIа синтем байъина хилар. Хаддаза алсамболуш бу республикин лаьмнашкахь, аренашкахь долчу дийнатийн барам, кхиамца дIадоьду церан дебар. Регионан коьрта таллархо теша берзалойн барамца дерг къастийна цхьалхадаьккхича акхачу дийнатийн барам хаъал алсамбериг хиларх. Цунна тоьшалла ду  Норхчийчоьнан  лаьмнашкахь буланаш дебар хаъал алсамдаьлла хилар. Россин Iаламан таонийн а, экологин а министерствос  доккха гIо лацар а, барам алсамбаьлла а хилар бахьанехь, иза ЦIечу книги тIера дIаяьккхина хилар.  Вайн регионехь шайн керла цIа карийна пачхьалкхан программин дозанашкахь Ростовски областера еана хиллачу  I700 акхачу котамна а, цхьа эзар бедана а.

– Урхаллин коллектив дика кхета бахаман таронаш алсамъяхарна тIехьажийна шена дерг Iаламат доккха гIо хиларх, – боху Ахмадов Сайд-Iабдуллас. – Тхешан таронаш хьесапе а оьцуш, федеральни министерстве оха дехна кхитIе а цхьацца эзар акха котам а, бад а, къона 30 сай а республике балабайтар. Тхешан дехарна жоп лург хиларх тешна а дутхо.

Кхин цхьаъ ду билгалдаккха дезаш. Россин кхечу регионашкахь йолчу питомникийн таронаш хьесапе а эцна, нохчийн таллархоша доьху вайн лаьмнашкахь кхио къона 30 була къастор а. И дерриге а гIуллакхаш герггарчу хенахь къастийна цхьалхадаха таро хир ю аьлла хета царна. Оцу дерригено а гIо дийр ду Нохчийчохь цхьана хенахь хиллачу акхачу дийнатийн барам меттахIоттийна ца Iаш, дебо а.

Л.КАРОВ

(Iалам лардаран ведомствон

пресс-службин гIоьнца)

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: