Масех де хьалха кхеташо хилира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин. Цигахь дIадаьхьира Нохчийчохь регистраци йина йолчу меттигерчу юкъараллин цхьаьнакхетараллаша хьалхатеттина Юкъараллин палатин декъашхошка болу кандидаташ чIагIбар.
«Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин хьокъехь» долчу 2017-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 24-чу дийнахьлерчу Нохчийн Республикин законаца а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин Регламентаца а нийса а догIуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, Парламенто а чIагIвинчу Юкъараллин палатин 28 дакъашхочо Палатин тIаьххьара 1/3 дакъа дара харжа дезаш дерг. Республикин тайп-тайпанчу юкъараллин организацеша хьалхатеттинчу кандидатурашна юкъара харжа безаш бара керла декъашхой.
Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала цигахь вовшахкхеттачарна довзийтира кхеташонехь дийцаре дан лерина долу гIуллакхаш. Хаийтира Юкъараллин палатин декъашхой харжаран балхана белхан тоба вовшахтоха езаш хилар.
Юкъараллин палата вовшахтохаран регламентаца нийса а догIуш, цкъа хьалха дIадаьхьира Палатин чIагIбина бевллачу декъашхошна керлачу кандидатийн цIерш йовзийтар, счетни комисси а, цуьнан куьйгалхо а харжар.
Цул тIаьхьа дIадаьхьира ерриге а цIерашна къайлах кхаж тасар. Кхаж тесначул тIаьхьа, цуьнан жамIаш довзуьйтуш, счетни комиссин председатела Солтаев Мансура дийцира муьлхачу кандидатехьа маса кхаж тесна.
И.Денильхановс Юкъараллин палате хаьржинарш декъалбира. Цо билгалдаьккхира республикин керлачу Юкъараллин палатин берриге а декъашхоша шайна тIехь долу жоьпаллин декхарш кхиамца кхочушдийриг хиларх ша тешна хилар.
«Нохчийчоьнна а, Юкъараллин палатина а хьалха керла, кхин а жоьпалле декхарш а, Iалашонаш а лаьтта. Уьш кхиамца кхочушдархьама кхин а жигара, кхин а хьуьнаре болх бан дезар ду вайн. Делахь-хIета, хIора декъашхочуьнга а хьалха хиллачул а баккхий лехамаш хир бу», – чIагIдира Юкъараллин палатин куьйгалхочо.
Кхеташо ерзийра Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин болх беркате хилийтар доьхуш Деле доIа дарца. Цу хьокъехь редакце хаам бира Юкъараллин палатин пресс-службехь.
Хь.САИДОВ
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо