Россин телевиденин а, радион а эфиран сетан (РТРС) Нохчийчохь йолчу Радион а, телевиденин а эфир яржоран туьшо 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна республикин пачхьенехь Соьлжа-ГIалахь ерригроссин телеканалийн аналоган кепехь йолу эфир сацориг хиларан хьокъехь хаам бо.
Оцу дийнахь дуьйна, лакхахь хьахийначу телеканалийн эфир терахьан кепехь бен хир яц.
Терахьан кепара эфир лацархьама, дициметран диапазонехь болх беш йолу антенна лело еза. Цул сов, и антенна хиларх а пайда бац, нагахь санна абонентан телевизора чохь DVB-T2 технологи я телевизорна тIетесна оццу технологин гIирс бацахь.
Соьлжа-ГIалахь а, ерриг республикехь а терахьан телевиденех пайдаэцаран хьокъехь мел долу хаттарш РТПЦ-н Хьехаран гIоьналлин туьшехь (Соьлжа-ГIала, Радион пер., 6-гIа цIа) а, хIокху контакташца а дала таро ю: +7(8712)22-43-06, +7(8712)22-59-11, ckp_chechnia@rtm.ru.
Ерригроссин телеканалашна юкъайогIу: «Первый канал», «Россия 1», «Россия 24», «Россия К», «НТВ», «Пятый канал», «ТВ Центр», «Карусель», «ОТР».
Телеканалаш терахьан телевиденин Нохчийчуьрчу терахьан РТРС-1 пакета юкъайогIу, шайна юкъа «Матч ТВ» телеканал а, «Россия 1» телеканал эфире сарахь «Вайнах» («Россия» ВГТРК-н Нохчийчохь йолу филиал) телеканал а йолуш.
Цул сов, Нохчийчуьрчу цхьайолчу кIошташкахь терахьан РТРС-2 пакетан эфир а ю болх беш. Цу юкъа хIара телеканалаш йогIу: «Рен ТВ», «СПАС», «СТС», «Домашний», «ТВ 3», «Пятница», «Звезда», «Мир», «ТНТ», «Муз ТВ».
Иштта билгалдаккха догIу терахьан РТРС-1 пакетан телеканалаш хIинццалц эфиран 4:3 форматехь (ширачу телевизоршна лерина формат) хиллехь, хIинца 16:9 формате (керлачу телевизорийн формат) дехьаяьхна хилар.
Керлачу форматехь йолчу телеканалашка ширачу телевизорш тIехь хьажа лаам белахь, абоненташа тидаме эца деза экранан йистошца Iаьржа асанаш хIуьттург хилар.
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо