Нохчийчохь социальни декъера проекташ кхочушъярехь болх бечу коммерцин йоцчу организацешна (НКО) юкъахь республикин Куьйгалхочун гранташ дIасаекъаран конкурс дIакхайкхийна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто.
1.Конкурсехь хIокху лехамашца йогIучу организацийн дакъалаца йиш ю:
• Конкурсана заявкаш схьаэца цхьа шо хьалха регистраци йиначеран;
• Россин Федерацин бюджетан системина хьалха цхьана а кепара декхарш доцучеран;
• ДIаяккха я банкрот кхайкхо кечйина йоцучеран.
2.Конкурсехь дакъалаца йиш яц:
• Политикин партийн;
• Адвокатийн а, нотариусийн а палатийн;
• Махлелоран-промышленностан палатин;
• Говзанчийн цхьаьнакхетарийн;
• Совдегарийн союзийн;
• Пачхьалкхан-юкъараллин а, юкъараллин-пачхьалкхан а организацийн, меттигашкарчу церан филиалийн (дакъойн).
3.Цхьана организацин цха заявка чуяла бен бакъо яц!
4.Заявкехь йовзийтина проект кхочушъярехь, иза кхочушъярхьама деллачу ахчанан 1/5 дакъа белхахойн алапина дIадоьдуш делахь, грант луш яц.
ХIутосург (май) беттан 28-чу дийнера асаран (июнь) беттан 28-гIа де тIекхаччалц схьаоьцуш ю заявкаш хIокху адресца: Соьлжа-ГIала, Кадыровн пр., 3/25 (ЛекхагIишлойн «Грозный-Сити» комплексан «Бизнес-Туш») цIа, 12-гIа гIат, 4-гIа секци.
Грантийн дакъош а, барам а:
• Нохчийн Республикин тIекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетош-кхиор – 1 000 000 (цхьа миллион) сом;
• Доьзалан мехаллаш а, ноналла а, бералла а даржор, доьзалшна гIо дар – 300 000 (кхо бIе эзар) сом;
• Къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигаш чIагIъяр – 500 000 (пхи бIе эзар) сом;
• Могаш долу дахар довзийтар – 300 000 (кхо бIе эзар) сом;
• Историн хIолламаш а, культурин тIаьхьало а Iалашъяр – 300 000 (кхо бIе эзар) сом;
• Граждански институташ кхиор – 300 000 (кхо бIе эзар) сом;
• ЗаьIапчу нехан социальни хьашташ кхочушдар – 300 000 (кхо бIе эзар) сом.
Проекташ кхочушъяран хан: 2018-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де тIекхачале.
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо