Чекхдаьллачу бIешаран 90-чу шерашкахь дуьйна цхьацца пачхьалкхашкахь (къаьсттина а США-хь, Израилехь, Казахстанехь, Германехь, Украинехь, Швецехь, Россин цхьамогIа шахьаршкахь) шуьйра даьржина догIу дешархой ментальни арифметикина Iамор. Кхетош аьлча, сиха дагардан Iамор ду иза. Цуьнан бухе йиллинарг хIинца калькуляторша юкъара дIаяьккхинчу чота тIехь дагардаран кеп ю.

И кеп кхоччуш караерзийначу дешархоша, дагахь чота тIехь дагардаран сурт а хIоттош, дукха сиха, мел чолхе а терахьаш, тIекIалдетта.
Ментальни арифметикина Iамор шуьйра даьржина хиларна тоьшалла до оцу декъехула дуьненаюкъара къийсадаларш вовшахдетташ хиларо а.
Иштта, хIутосург (май) беттан 12-чу дийнахь Казахстано дIаяьхьира ментальни арифметикехула дуьненаюкъара онлайн-олимпиада. Цигахь дакъалецира 11 пачхьалкхерчу (Росси, Казахстан, Израиль, ГIиргIизойчоь, Германи, и.дI.кх.а.) 168 дешархочо.
Онлайн-олимпиадехь кхиамца дакъалецира Устрада-ГIаларчу дешархоша а. Кхузарчу №13 йолчу гимназин хьехархочо Багаева Хьавас куьйгалла дечу кружокан декъашхой бу уьш.
Ментальни арифметикехула дуьненаюкъарчу онлайн-олимпиадехь хьалхара меттиг яьккхира №13 йолчу гимназин дешархочо Алавдинова Ясминас. ШолгIачу метте елира оццу гимназера Хамцуева Анжела, ткъа Устрада-ГIаларчу №1 йолчу юккъерчу школин дешархочо Дакалова Марета совгIатан кхоалгIа меттиг яьккхира.
Толамхой билгалбаьхна дипломашца а, ахчанан совгIаташца а. Уьш царна дIаделира «ТIаьххьарчу горгалина» леринчу даздаршкахь.
Шен дешархойн кхиамех кхаъ хиллачу Хьавас дуьйцу: – Кружок болх бан йолаелла дукха хан цахилар тидаме эцча, дуьненаюкъарчу онлайн-олимпиадехь дакъалацар билггал юьхькIоме хили тхуна. Йоццачу хенахь дика карайирзина берашна сиха дагардаран кеп, бакъду, Iамийнарг тIечIагIдеш, бан безаш кхин дуккха а болх бу. Ментальни арифметикин коьрта Iалашо дешархой ойла ян Iамор, церан хьекъал кхиор ю, вуьшта аьлча, коьрте болх байтар. Вайн коьртан хьена Дала елла таронаш инзаре яккхий хилар хууш ду, уьш гучуяха бахьанаш лело деза. Царах цхьа бахьана ду ментальни арифметика. И караерзоро дешархошна дика Iаткъам бо дешаран кхин низамаш Iаморехь а, шайн хьекъалан таронаш гучаяхарехь а.
Хь.АБАЕВ
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо