Абубакарова ПетIаматан кхоллараллин суьйре хилира

А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан декъашхочун, поэтессин Абубакарова ПетIаматан кхоллараллин суьйре дIаяьхьира.

Суьйре дIахьош яра поэтесса Халикова Асет.

ПетIаматан байташ берашна лерина язйо. Цундела, тамашийна а дацара оцу суьйренехь дакъалоцуш дешархой а, кхиазхой а дуккха а хилар. Иштта, школашкара нохчийн меттан а, литературин а хьехархой а бара оцу суьйренехь.

Хьалхара дош Нохчийчоьнан Яздархойн союзан правленин декъашхочуьнга Исмаилов Абуга делира.

Цо дийцира ПетIамат Яздархойн союзе дуьххьара шен байташ йохьуш ярах а, тIаьхьо, цуьнан байтийн гулар зорбане йоккхуш, Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас гIо-накъосталла дарх а лаьцна.

Вайн республикехь берийн литературин къелла хиларе терра, ПетIамата дийриг доккха гIуллакх ду элира оцу суьйренехь дакъалоцуш хиллачу Ибрагимов Кантас.

Соьлжа-ГIалин школашкара баьхкинчу дешархоша дуккха а байташ йийшира. Уьш нохчийн гIиллакх-оьздангаллах а, берийн бусалба дине ойла кхоллайолуьйтуш а яра.

Суьйрене баьхкинчара, массара а цхьабосса, билгалдаьккхира Абубакарова ПетIамат похIма долуш хилла ца Iаш, адамалла, къинхетам, оьздангалла йолуш хилар а. Дуккха а хаза, аьхна дешнаш элира ПетIаматан цIарах.

Цунна зезагийн курсаш луш, суьрташ дохуш дIайирзира суьйре.

Банжаев Аьрзу

Авторан суьрта тIехь: кхоллараллин суьйренан дакъалацархой

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: