Чубоьхкинчара а леладо спортаца гергарло

ХIокху деношкахь Россин таIзар кхочушдаран федеральни гIуллакхаллин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин Невран кIоштарчу Чернокозово юьртахь йолчу №2 йолчу товаран колонехь хан токхуш болчарна юкъахь дIадаьхьира мини-футболехула долу къийсадаларш.

Цига кхайкхина вара «Футбол» цIе йолчу республикин спортан школин тренер Гациев Саламу а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин Тергонан комиссин председатель Ахмаев Руслан а, Россин таIзар кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллехь йолчу Юкъараллин советан председатель Омарова Малика а, футболан ветеран Магомедов Майрбек а.

Къийсадаларийн дакъалацархошка маршаллин дешнашца вистхилира колонин хьаькаман заместитель Мушуев Камил. Церан аьтто хилар а, цара толамаш бахар а шена лууш хилар хаийтира цо.

ЖамI 2:2 долуш дIайирзира матч. Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша хаийтира кхул тIаьхьа а кху тайпанчу къийсадаларшкахь а дакъалаца шайн лаам хилар.

Матч чекхъяьлча, Гациев Саламус а, Магомедов Майрбека а, Ахмаев Руслана а къийсадаларийн дакъалацархошна баркалла а олуш, билгалдаьккхира футбол дуьненахь гIараяьлла йолу спортан кеп хилар.

– Нах чубоьхкинчу меттигашкахь а ловзу футболах. ХIара тайпа турнир дIаяьхьар шатайпа ламаст хилла дIахIоьттина. Билгалдаккха деза хIокху турнираша чохь бохкучеран спортаца долу гергарло чIагIдеш хилар, – элира Гациев Саламус.

Билгалдаккха деза оцу колонехь хан токхуш берш физически агIор кхиорна тIехьажийна йолу мероприятеш сих-сиха дIахьош хилар. Уьш дIаяхьаро зуламаш дарна профилактика а йо, шайн мукъа хан пайденна а ерзайо, чубоьхкинчарна шаьш юкъараллин цхьа дакъа хилар а хоуьйту.

I.МУРТАЗОВ

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: