«Хайра» организацин хаза ламаст

Мархин бутт болабелчахьана дуьйна гIоьналлин «Хайра» фондан волонтерийн тобано хIора суьйранна, марха даста 20 минот йисича, Соьлжа-ГIаларчу некъашца машенашкахь дIасабоьлхучарна шен хеннахь марха даста хиш а, хурманаш а йоькъу.

Мархин бутт тIекхочуш оцу организацин куьйгалхоша республикин бахархошка кхайкхам бина хиллера, марха дастийтаран сагIанехь дакъалаца лаам белахь а, шаьш сагIийна юург-мерг яла лууш делахь а хаийта аьлла.

Республикерчу къинхетаме а, комаьрша а болчу бахархоша хурманаш а, хиш а делла ца Iаш, кхийолу марзаллаш а, даарш а деана.

Оцу фондан куьйгалхочо Ахмадов Минкаила билгалдаьккхира нахе марха дастийтархьама, сагIийна юург-мерг дIасаяхьа кийча дуккха а кегийрхой хилла хилар. Иштта, и тайпа гIуллакх мархин бутт чекхбаллалц Соьлжа-ГIалахь а, ТIехьа-МартантIехь а, кхийолчу кIошташкахь а дIахьур долуш ду.

«Хайра» организацис деш долу гIуллакх бахьанехь нехан шен хеннахь марха даста аьтто хуьлу, цул сов Делера къинхетам а, ял а хир йолуш гIуллакх а ду иза.

АСЛАХАНОВА Хеда

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: