Пачхьалкхан юкъара экзамен математикехула а дIаелла
Асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь Нохчийн Республикин школашкахь Пачхьалкхан юкъара экзамен профильни математикехула дIаелла.
Экзаменан коьртачу муьрехь дакъалаца регистрацех чекхваьлларг 4 202 дешархо ву. ЕГЭ дIаяларан гIуллакхна 25 меттиг билгалъяьккхина.
Экзамен дIалучу меттигашка видеокамераш дIахIиттийна. Низаман терго еш юкъараллин организацийн векалш а, Гособрнадзоран говзанчаш а бу. Профильни математикин экзамен дIаялар тIехь ду, лакхарчу дешаран заведенешка деша боьлхуш, тIеэцаран экзаменашна юкъахь математика елахь.
Профильни математикин экзаменан болх шина декъах лаьтташ бу, кхочушдан дезаш 19 тIедиллар а долуш.
Дешархочунна оцу гIуллакхна луш ерг 3 сахьт 55 минот ю. Уггаре а лахара (минимальни) балл 27 ю профильни математикин экзаменна билгалйина. Экзаменан жамIаш довза аьтто бу асаран (июнь) беттан 18 гIа де тIекхачале.
Пачхьалкхан юкъарчу экзаменан коьрта мур хIуттосург (май) беттан 28-чу дийнера, мангалан (июль) беттан 2-чу дийне кхаччалц бу.
Карладаккха лаьа, математикин базови тIегIанан экзамен хIуттосург (май) беттан 30-чу дийнахь хилла хилар, математикехула ЕГЭ базови а, профильни а шина декъехь дIаялар 2015-чу шарахь дуьйна хилар.
УьссалгIачу классашкахь ОГЭ еа предметехула дIаелла
Республикин школашкарчу 9-чу классийн дешархоша Пачхьалкхан коьрта экзаменаш (ОГЭ) дIаелла информатикин а, ИКТ а, биологин а, обществознанин а, литературин а предметашкахула.
Аттестаташ схьаэца лууш болчу 9-чу классийн дешархоша 4 экзамен ю дIаяла езаш. Ши экзамен (оьрсийн моттий, математикий) дIаялар массарна а тIедиллина ду, ткъа йисина 2 экзамен дешархочун харжаме хьажжина дIайолуьйтуш.
2018-чу шарахь 9-чу классийн дукхах болчу дешархоша къастийнарг обществознани экзамен ю (иза 63 процент дешархоша хаьржина), географи 33 процент, биологи – 30 процент, информатика – 28 процент дешархоша хаьржина.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон хаамашца, ОГЭ информатикин а, ИКТ а предметашкахула дIаялар 521 дешархочо хаьржина, биологи – 5 562 дешархочо, обществознани – 9 270 дешархочо, литература – 35 дешархочо.
ОГЭ дIаяларна 69 меттиг кечйина.
З.ХИЗИРОВА
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо