Поэзехь хьалхара гIулчаш

Адизова Раиса (Масар)

Оьзда, гIиллакхе, собаре йист хилар а, хьажар а долчу оцу къоначу зудчо ша редакце еана байташ лаахь а, ца лаахь зорба тоха ца бохура. «Шайна хуур ду шуна. Аш хаддийнарг бу-кх церан мах. Сайн дагахь, сих хьакхаделларг яздан-м гIирттина со. Иза мухха нисделлехь а…», – элира цо, къийла а луш.

Поэзехь хьалхара гIулчаш ю Раисас яьхнарш. Цуьнга терра дерриге а шера а, «эхI»-аьлла а ца нисделла. Делахь а, кхоллараллин суй хаало цуьнан байташкахь. Цундела, ешархойн кхиэле яхка сацам бина оха уьш, кхидIа а цуьнан къахьега, нохчийн дош даржо дог даийта.

Адизова Раиса Веданан кIоштарчу Гуьна юьртахь дуьнен чу яьлла. 1986-чу шарахь юьртара юьккъера школа чекхъяьккхина цо. Карарчу хенахь гIишлошъярехь болх беш ю, еврон-куьцехь чоьнаш хазъеш, тоеш.

Дала тIаьхье беркате йойла!

ВИЦ ЦА ЛО

Хьо-м дIаваха, сан дог эцна хьайца,
Сингаттамах кийра бузуш сан.
Iийр ю хьуна къайлах йоьлхуш хIинца,
ХIара дуьне хеташ самах гIан.

Хьо дIаваха, дагахьбаллам буьтуш,
ТIаьхьа елха хьайна юьтуш со.
Де мел долу бала бу совбуьйлуш,
Цхьана ханна даго вицвац хьо.

Сан бIаьргара ледаш долчу хиша,
Маьлха дуьне суна дина къахь.
Хьо дIаваьлча, ойла ю сан тиша.
ХIусам еса – воцуш санна цIахь.

Лозуш долчу даге ас ладоьгIча,
Хьуна доьлхуш суна карадо.
Хьо дIакъастар цалалучу яьлча,
Iожалла ас цунна бехке йо.

И хьан сибат дуьхьал хIуьтту суна,
Хьо дIакхалхар атта дац-кха лан.
Хьан барза тIехь ас йо чIагIо хьуна,
Дуьненахь хьо сайна виц ца ван.

СО МЕЛ IАН ЕЗА

Ас доггах сатуьйсу сан мерза безам,
Со хьоьга сатуьйсуш, кхин мел Iан еза?
Сан бIаьргийн сирла нур гIелделла догIу.
ГIийлачу сан даго мохь-орца доху.

Денош ас дагардо тахана бохуш.
Хьо-м сиха ца хилла кханенаш йохкуш.
Кхолламо тахана хиларх йицйина,
Цхьа де хир Кхоьллинчу билгала дина…

Юткъачу ойланца сан дог гIелделла.
Набарна тем боцуш, сан дегI кIадделла.
Дахаран сан шераш делкъанга девлла.
Кийрара дилха дог сан лаза даьлла.

Нийсархой шайн ирсо хьоьстучохь хийла,
Дахаран ойланаш луьтту ас гIийла.
Сан дагчохь лаьтташ ю безаман чилла,
Ойланехь юьсур-те байттамал хилла.

Сан бIаьргийн сирла нур гIелделла догIу.
ГIийлачу сан даго мохь-орца доху.
Ас доггах сатуьйсу сан мерза безам,
Кхачаре сатуьйсуш, со мел Iанеза?

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: