Советийн заманахь дара иза, Шелковски кIоштарчу Iома уллехь берашна лерина Пионерийн цIа дича. ХIетахь, оцу цIийнехь болх беш ерриге а 19 кружок яра. Цу хенахь цигахь болх биначу Куделина Марияс дийцина хиллера, хIетахь цхьана сменехь, Пионерийн цIийнерчу кружокашкахь Iама догIуш 140 сов бер хиларх лаьцна (шина сменехь Iамош хилла цигахь бераш).

Дуьххьарлера Пионерийн цIа 1958-чу шарахь дина, иза дечигах дина хилла. Iаьнан муьрехь цу чохь йовха хуьлуш хилла. Ткъа уггаре а жигарчу кхиазхоша, оцу цIенна уллехь болчу Iома йистехь, цIе а латайой, цунна гонаха тайп-тайпана ловзарш дIахьош хилла.
Пионерийн цIийнехь Iемаш долчу бераша кIошташна юкъахь дIахьочу тайп-тайпанчу конкурсашкахь дакъалоцура. Берашна къаьсттина хазахетара Пионерийн цIийне хьеший баьхкича. Иштта, боккха хаза кхаъ а хилира царна шаьш долчу Нохч-ГIалгIайн АССР-н Хьакъйолу артистка Айдамирова Марем еача. Иштта, кхиболу гIарбевлла болу нах богIуш хилла цига.
2002-чу шарахь Пионерийн цIийнах Берийн кхоллараллин цIа дира. ЦIе хийцира, амма берийн кхолларалла кхиоран болх кхин а жигара баккхарца дIабаьхьира. Карарчу хенахь оцу цIийнехь болх беш верриге а 17 хьехархо ву.
«Дари добро», «Цветные ладошки», «Красочный мир», «Рукодельница», «Художественное вязание», «Театр и дети», «Умелые ручки», «Ритмы гор», «Волшебная палитра», «Творческая фантазия», «Художественное слово», иштта, дуккха а кхийолу программаш кхочушйо цигахь а.
2009-чу шарахь оцу цIийнан куьйгалхо хIоттийра Койсултанова Халисат. Тхоьца хиллачу къамелехь шайн кхоллараллин цIийнехь берашца бечу балхах лаьцна иштта дийцира цо: – Школехь дешар Iаморал сов, берашкахь кхолларалла кхио езаш хиларан цхьа а шеко яц. Берийн а, церан дай-нанойн а боккха аьтто бу республикин хIора а кIоштахь хIара тайпа цIенош хилар. Кегий долчу хенахь, ерриге а хан дешарна тIе а йохуьйтуш берашка дешийта деза. Дахарехь шайн меттиг карорна тIехь гIо дийр ду царна дешаро. Школехь доьшучу хенахь, бер мел дика доьшуш делахь а, мукъа хан йоцуш ца хуьлу иза, къаьсттина аьхкенан муьрехь.
Дешарал сов, кхоллараллин агIор а бер кхиа деза. Хелхар дан, илли ала хаар кхачаме ду бохург дац иза. Берийн кхоллараллина юкъа дуккха а кхидерг догIу. Масала, куьйган белхаш бан Iамор а, хIума тегар а, иштта кхидIа а.
Цул сов, спортан кружок а ю кхузахь. 5 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолчу берийн Iама таро ю кхоллараллин цIийнехь. Бераш алссам исбаьхьаллин кружоке кхийда.

Кхоллараллин цIийнан директора дийцарехь, алссам бераш исбаьхьаллин балхаца йоьзначу кружокашкахь Iемаш ду.
Берашна кхолларалла марзйина ца Iа цигахь. Берашца кхетош-кхиоран а болх бо, цаьрца цу декъехула цхьаьнакхетарш а дIахьо. Иштта, кхоллараллин цIийнехь берийн суьртийн а, церан куьйган белхийн а гайтамаш а вовшахтуху. Ишттачохь къаьсттина самукъадолий хьаьвза бераш. Шаьш бинчу белхан дика мах хадийча синхьаам хуьлу царна, кхидIа Iама а, кхоллараллин агIор къахьега а дог догIу.
Шелковски Берийн кхоллараллин цIийнехь Iемаш долчу бераша республикин тIегIанерчу хореографин а, вокалан а, суьртийн а конкурсашкахь а дакъалоцу, иштта куьйган белхийн гайтамашкахь а. Масала, дукха хан йоццуш дIаяьхьначу «Наследники традиций» конкурсехь Стамбулов Мохьмад-Эмис совгIатан меттиг яьккхира, Ерригроссин берийн кхоллараллин фестивалан «Вокал» номинацехь толам баьккхира Кибличенко Дарьяс. Цхьана Дарьин толам хилла ца Iара иза, Шелковски Берийн кхоллараллин цIийнан толам а, юьхькIам а бара.

Шайн белхан декхаршца дика ларош хиларна, куьйгаллина а, белхахошна а елла дуккха а Сийлаллин грамоташ ю. Белхан декхаршца дика ларош болчу цхьаболчеран цIерш яха лаьа. Уьш бу: Зубайраев Мохьмад, Бугаева Жарадат, Сатуева Хьава, Астамирова Аза, Аюбова Макка, Дангаева Хеди, Селимова Иман, Хамзатова Марем, иштта кхиберш а.
Койсултанова Халисата дийцарехь, кхоллараллин цIийнехь Iемаш долу дукхах долу бераш кхоллараллица уьйр а йолуш, кхидIа а оцу новкъа дIадаха дагахь ду.
Иза тешна ю кхоллараллин цIийнехь деллачу хаарша царна хаьржинчу новкъахь гIо дийриг хиларх. Цигахь цкъа а тийна ца хуьлу. Массо а берана Iамо хIума карадо кружокашкахь.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрташ тIехь: берийн кхоллараллин цIийнан директор Койсултанова Халисат а, оцу цIийнехь Iемаш долу бераш а
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо