Наркотикашна дуьхьал къийсам дIахьо
ХIокху деношкахь Нохчийн Республикехь масех меттехь гучудаьккхина законехь доцуш наркотикаш лелор. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо.
Оперативни-лахаран мероприятеш дIахьочу хенахь 1976-чуй, 1966-чуй, 1989-чуй шерашкахь вина волчу Соьлжа-ГIаларчу а, Устрада-ГIаларчу а кхаа вахархочуьнгахь, кара а йина полицин белхахоша схьаяьхна ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу 260 грамм гергга наркотикаш.
Иштта, таллам дIахьочу хенахь, 1987-чуй, 1991-чуй, 1968-чуй шерашкахь бина болчу республикин бахархошкахь кара а йина, полицин белхахоша схьаяьхна ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу 100 грамм хиллал наркотикаш а.
Административни бакъонаш талхораш Iорадахаран мероприятеш дIахьош, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Устрада-ГIалахь йолчу отделан белхахоша сацийна шен леларца шеко кхоллаелла волу, 1989-чу шарахь вина волу Шелан кIоштарчу Эвтарара вахархо. Таллам бича, цуьнгара кара а бина схьабаьккхина ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу 110 грамм сов наркотик чохь йолу тIоьрмиг.
Закон талхийначара динчу зуламашкахь Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяс билгалдинчу зуламан билгалонаш ю («Наркотикаш а, корта бахош йолу хIуманаш а, царах терра йолу хIуманаш а эцар а, лелор а, дIасаяхьар а, яр а, юхакечъяр а»).
Схьаяьхна йолу наркотикаш таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.
ДIахьош ду таллам бар.
Масех некъан-транспортан бохам хилла
ХIокху деношкахь масех некъан-транспортан бохам хилла Нохчийн Республикехь.
Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштахь хилла царех цхьаъ.
Старопромысловски шоссехула вогIуш хиллачу 1992-чу шарахь вина волчу республикин пачхьенан вахархочо, «Новая» цIе йолу социйла йолчу меттехь шен Газель-Соболь автомашен тIетоьхна светофоро дехкаран «цIен» хаам бечу хенахь некъал дехьайолуш хиллачу 2008-чуй, 2005-чуй шерашкахь йина йолчу шина йоIана.
Лазийна йолу ши йоI дарба дан сихха Соьлжа-ГIалин №2 йолчу берийн клиникин больницин травмотологин а, хирургин а отделене дIайигина.
Автомашенан водительна тIедиллина полицин отделе вар.
Иштта, Соьлжа-ГIала – Шуьйта автомобилийн новкъахь, Ярашмаьрда юьртана уллехь хилла кхин цхьа некъан-транспортан бохам. Цигахь вовшахкхетта 1982-чу шарахь вина волчу Грозненски кIоштан Победински юьртарчу вахархочун «ВАЗ-217030» 1965-чу шарахь вина волчу Шуьйтан кIоштан вахархочун «ГАЗ-322132» а автомашенаш.
Некъан бохамехь «ВАЗ-217030» автомашенан водитель а, цу чохь хилла 1953-чуй, 1980-чуй шерашкахь вина волу ши пассажир а больнице вуьгучу хенахь, новкъахь, кхелхина.
«ГАЗ-322132» автомашенан водитель а, «ВАЗ-217030» автомашен чохь хилла пассажир а, дарба дан, Соьлжа-ГIалин сихачу медицинин гIоьнан республикин клиникин больнице вигна.
Некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош бу.
ДIахьош ду таллам бар.
I.ТЕРЛОЕВ
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо