Ш.Саралиев: «Шайн мотт буьйцучарна школашкахь и Iамор тIедожийна хила деза»

Хууш ма-хиллара, дIадаханчу шарахь, Россин Федерацин Президента Путин Владимира «шен ненан боцу мотт школашкахь Iамор тIедожор нийса дац» аьллачул тIаьхьа, кечъян йолийнера «Россин Федерацехь дешар» Законехь хийцамаш балоран хьокъехь йолу законопроект. Цуьнан авторшна юкъахь Россин Пачхьалкхан Думехь Нохчийчоьнан цIарах волу депутат Саралиев Шамсаил а вара.

Цара хIоттийначу проектаца нийса а догIуш, Россерчу республикийн пачхьалкхан меттанаш школашкахь Iамор тIедожийначу кепера хилар дIадаккха догIура.

Цунна шаьш реза цахилар сихонца хаийтира ГIезалойчохь, Башкортостанехь, Къилбаседа ХIирийчохь, Тувахь, Якутехь. Ткъа Дагестанехь, Марий Элхь, Удмуртехь реза хилира. Иштта, реза ца хиллачеран могIарехь тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш болу журналисташ а, блогерш а, спортхой а, политикаш а бара.

Цара социальни сеташкахь «бехбан» болийра законопроектан авторш а, цара мел бен болх а. Цхьаболчара уьш «алапах Россин къаьмнийн меттанаш доьхкинарш бу» бохура, шолгIачара «церан питанан законопроектана таллам а байтина, уьш белла дIабовллалц набахтешка хьовсо безаш хиларх лаьцна» дуьйцура, кхечара царах «шайна а ца хууш, Iамаркан политикица Россехь Iаткъам беш берш» бора.

Оцу законопроектана гонахарчу хьолан «бух» мухха белахь а, Росси яьккхина бехаш болу оьрсий, чIогIа гIадбаханера. Цара массара а дуьйцург а цхьаъ дара – оьрсашна кхечу къаьмнийн меттанаш оьшуш а дац, Россехь, тIедожийначу кепехь, оьрсийн цхьа мотт Iамор тоам болуш а ду.

Амма царна моьттург аьттехьа а ца хиллера: «оьрсашна кхечу къаьмнийн меттанаш Iамор оьшуш дац, ткъа кхечу къаьмнаша, шайн мотт а битина, хIунда Iамош бу оьрсийн мотт?», «Россехь пачхьалкхан оьрсийн мотт белахь а, Россин республикаш пачхьалкхаш хилар дIакхайкхош йолу Россин Конституцис шайн пачхьалкхан меттанаш хиларан хьокъехь оцу республикашна елла бакъо хилча, республикин пачхьалкхан меттанаш школашкахь Iамор тIедожийначу кепера дIадаккхар, оцу республикийн бакъонаш а, Россин Конституци а талхор ца хуь- лу?» бохучу хаттарех лаьтта даккхий кехаташ а, тептарш а, аьрзнаш а кхехьийта долийра гIезалойн а, башкирхойн а, нохчийн а, хIирийн а, ур-аттал жуьгтийн а жигархоша Россин Федерацин Генеральни Прокуратуре а, Пачхьалкхан Думе а, Талламан Комитете а, Юкъараллин палате а, шуьйрачу хаамийн гIирсашка а, Европин Совете а, шайн республикийн Парламенташка а, Куьйгалхошка а, и.дI.кх.а.

И законопроект дукха гIараяьлла хилар а, цунна юкъарчу кхачамбацаршна Россин дукхах йолу республикаш а, къаьмнийн юкъараллин жигархой а реза цахилар а тидаме а оьцуш, Россин Федерацин Президентан Администрацин векалийн а, законопроектан авторийн а сацам хилира цу юкъахь хийцамаш бан.

Оцу хьокъехь Нохчийчоьно «кховдийначу» хийцамех лаьцна шена хетарг довзийтира законопроектан авторех цхьаъ волчу Саралиев Шамсаила.

«Оцу законопроектехь хийцамаш бан безаш хиларан хьокъехь цхьаьнакхетар хилира тхан, законопроектан авторийн, Кремлан векалшца (Россин Федерацин Президентан Администрацин векалийн – авт.). Вай «дагалаьцначу» хийцамашца нийса а догIуш, шен ненан мотт буьйцучарна (Нохчийчохь – нохчашна – авт.) республикашкарчу школашкахь и Iамор тIедожийна хила дезаш ду, ткъа республикехь а вехаш, амма оцу республикин пачхьалкхан мотт шен ненан мотт боцучарна – шен а, шен ден-ненан а лааме хьаьжжина. Ас и гIуллакх, Нохчийчоьнан лаам хилар билгал а доккхуш, оцу цхьаьнакхетарехь дIа а довзийтира, дакъалацархой цунна реза а хилира. Билгалдаккха догIу реза хиллачеран могIарехь ГIезалойчоьнан а, Башкортостан а векалш а хилла хилар», – хаийтина Саралиев Шамсаила.

Иштта, цо билгалдаккхарехь, оцу законопроектан «хьалхара» кеп Пачхьалкхан Думе кховдийна а ялале, «цуьнан авторш сийсазбан болийра мукъа мел волчо». Царна хаьа догIура Пачхьалкхан Думе муьлххачу а законопроектан «хьалхара» кеп дIакховдийначул тIаьхьа, цунна таллам а бой, кхидIа цу тIехь хийцамаш беш хилар.

ТIаьххьара яздинарг «адамийн матте» даьккхича, иштта нисло: оцу законопроектан хьокъехь хIинццалц йина гIовгIанаш эрна ю, хIунда аьлча, уьш ца хиллехь а, цу тIехь хийцамаш илла-билла бийр болуш бара.

Цунах, ма-дарра аьлча, теша хала ду!

И.АДАМОВ

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: