XIX-чу бIешарерчу цхьана ураман селхане а, тахане а

XIX-чу бIешеран шовзткъе иттолгIачу шерийн юьххьехь «къарлур йоцчу юкъараллашца» барт а бина, царах дага а бевлла, сий-лараме болчу ламанхойн тобано дехар дира Кавказан зилан Аьрру фланган хьаькаме Буьрса гIопана юххехь хIора баттахь кхаа дийнан базарш яйтар а, «къарлуш боцчу» нохчашна цигахь шаьш йина хIуманаш а, кхачанан сурсаташ а дохка я хийца бакъо ялар а доьхуш. Оцу хьаькаман штаб Буьрсачу гIопехь яра.

Бакъо елира. Буьрса гIопана уллехь базар хIоттийра. Юьхьанца гIопана хьалхарчу майданахь (тIаьхьа Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан институтан коьрта а, керла а корпусаш хиллачу меттехь) хIоттийра базар.

ТIаьхьо базарна Соьлжа хин аьрру агIор йолу меттиг билгалъяьккхира. Иза уьшалш йолуш, эрз болуш меттиг яра, цхьана а дас пайдаоьцуш а йоцуш. Делахь а, нохчийн гIоьнца и меттиг тойина, шарйина, якъийна дIахIоттийра махбеш болчу а, пхьола деш болчу а наха. Базарна гена йоццуш, Соьлжал дехьа нохчийн йиъ юрт яра. Оцу ярташкахь дика пхьераш бара, лелош даьхни дара. Цигарчу бахархошна йохк-эцар лело чIогIа бегIийла йолчу меттехь яра базар.

Оцу базарна тIера дIадоладелира керла урам биллар. Цунна «Дундуковски» аьлла цIе тиллира. ТIаьхьа хилира цунах Сталинан цIарах, Революцин проспект. ХIинца М.Эсамбаевн цIарах бу урам. Кавказан тIеман округан командующин, Кавказехь граждански декъан коьртачу урхаллин инарлин, элан Дундуков-Корсаков Александран сийнна тиллина яра урамна и цIе.

XIX-чу бIешеран 60-чу шерийн чаккхенехь кест-кеста хи десташ, тIедолуш хилар бахьана долуш базар кхечанхьа дехьа яьккхира (тIаьхьа «ЦIен Варзап» завод хиллачу метте). Цул тIаьхьа дIадолийра цигахь цIенош дар. Уьш буьдачу кибарчигех а, дечигех дина дара. Даима хатт лаьтташ бара и урам. Делахь а, хан-зама яларца цуьнан сибат хийцадала доладелира. Соьлжа-ГIалахь уггаре а хьалха йина еттинчу кибирчигийн гIишло а оцу урамехь яра. Ши гIатт долу, «Гранд-Отель» аьлла йоккха цIе йолу хьешацIа дара иза. Историн а, архитектурин а хIоллам хилла дIахIоьттина йолу и гIишло XX-чу бIешеран 50-гIа шераш тIекхаччалц лаьттира. НГIАССР-н Министрийн Советан гIишло еш дохийра «Гранд-Отель» хьешацIа.

Оцу урамехь 1881-чу шарахь дина хилла цIа а дара дика девзаш. Цуьнан шолгIачу гIат тIехь Соьлжа-ГIалара дуьххьарлера юкъараллин библиотека яра. ТIаьхьа цунах ерриге а Къилбаседа Кавказехь евзаш йолу «Чеховка» хилира. Иза дика дагайогIу хир ю вайн махкахошна, къаьсттина 40 шарал тIехбевллачарна. Нохчийчохь тIемаш болчу муьрехь уггаре а хьалха йохийна дIаяьккхира А.Чеховн цIарах хилла библиотека.

Адамийн бIаьрг тIехIуттуш, исбаьхьа яра 1902-чу шарахь йина йолу ши гIат долу кхин цхьа гIишло. Цу чохь «Франци» хьешацIа дара. Вайн гIалахь а уггаре а хаза, аьхна, бегIийлаш алсам йолуш дара и хьешацIа. Цигахь совцуш бара вайн республике богIуш болу беза хьеший. Цигахь дукхазза а буьйсанаш ехира цIеяххана вевзаш волчу режиссера Вахтангов Евгенийс.

Революцийн карчамаш буьйлабелча «Франци» хьешацIа шайн дайшкара схьадаьккхира. Цу чохь типографи йиллира. Иза хьалхарчу гIат тIехь яра. ШолгIачу гIат тIехь Iаш белхалой бара. Кхузткъе итталгIа шераш юккъе даххалц лаьттира цу чохь типографи. Керла гIишло а йина типографи дехьа яьккхича цу чохь, гIалахошна а, хьешашна а чIогIа езаш, боккха пайдаоьцуш хилла йолу №1 йолу «Гастроном» йиллира. Халкъалахь «аракеловски» туька а олура цунах.

«Франци» хьешацIенна юххехь «Г» элпан кепехь кхин цхьа гIишло яра.

1892-чу шарахь йина яра иза. Цу чохь, Соьлжа-ГIалахь дуьххьара схьайиллина йолу, почтан-телеграфан контора схьаеллархьама. Почтел совнаха конторехь болх бан юьйлаелира пачхьалкхан сберегательни касса а,
телеграф а. Телеграфехь Морзе конструкцих 6 аппарат яра. Оццу гIишло чохь яра гIалин Думин сацамца 1897-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь дуьххьара схьайиллина йолу телефонийн станци.

Почтово-телеграфни контора а, кхийолу службаш а оцу цIа чохь XX-чу бIешеран 40-гIа шераш тIекхаччалц лаьттира. 1944-чу шарахь цунах нах чохь Iаш болу цIа дира. Нохчийчохь тIеман компани дIахьочу хенахь (1996-чу шарахь), хилла меттиг йоцуш, дохийна дIадаьккхира цIа.

Дундуковски урамехь уггаре а хьалха йиначарех цхьаъ яра 1904-чу шарахь йина зударийн гимназин гIишло. Ламанан школа а, реальни училище а йинчул тIаьхьа схьайиллина дешаран заведени яра иза Соьлжа-ГIалахь. Ши гIат долуш яра иза.

1917-чу шеран октябрехьлера революци хилале хьалха, цигахь дешнера нохчийн дуьххьарлерчу зудчо-яздархочо Исаева Марема, нохчийн дуьххьарлерчу Iилманчас-зудчо, филолога Чентиева Марема, нохчийн дуьххьарлерчу журналиста-зудчо Саракаева Марема (болх бина нохчийн «Серло» газетехь), нохчийн дуьххьарлерчу корреспондента-зудчо Батукаева Асета (болх бина «Грозненский рабочий» газетехь).

Советийн оьмарехь, 1931-чу шарахь дуьйна 1996-чу шарахь бомбанаш, ракеташ тоьхна йохийна дIаяккхалц, гимнази хиллачу гIишло чохь Соьлжа-ГIалахь а уггаре а тоьллачарех йолу №1йолу юккъера школа яра.

Гимназина хьалха йоккха майда яра. XIX-чу бIешеран 70-чу шерашкахь, Буьрса гIопах Соьлжа-ГIала йинчул тIаьхьа коьрта майда хилла дIахIоьттинера иза. Цу тIера дIаболалуш бара гIалин коьрта урам – Дундуковски.

1920-чу шарахь гIалин Советан сацамца кхузахь башха сквер йира, Н.Гикалон цIе а туьллуш. Оцу скверана тIехьа, Соьлжа-ГIалахь а уггаре а хазачех цхьаъ йолу, дуьххьарлера кхо гIат долу Азово-Донан банкан гIишло яра 1895-чу шарахь йина. Оцу гIишлонан яккхий лармаш яра, стаммий аьчган неIарш йолуш.

Царна чохь Iалашдеш дара ахча. ШолгIачуй, кхоалгIачуй гIаьтнаш тIехь яккхий чоьнаш яра белхахошна а, банкан операцеш кхочушъян а йина. Хьалхарчу гIат тIехь тайп-тайпана кафеш, туьканаш, ловзаран чоьнаш яра.

Советийн заманахь, ХХ-чу бIешеран 90-гIа шераш тIекхаччалц, оцу гIишло чохь Нохч-ГIалгIайн областан коммунистийн партин комитет яра, цул тIаьхьа – Нохчийн Республикин къоман музей. И гIишло саьлнашка ерзийра 1994–2000-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалахь буьрса тIемаш кхехкачу хенахь. Тахана оцу меттехь ду нохчийн дерриге а халкъо шех дозалла деш долу «Нохчийчоьнан дог» цIе йолу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу Нохчийчоьнан коьрта маьждиг.

КхидIа, Машаран урам а, Революцин проспект а вовшахкхетачу сонехь 1928-чу шарахь дина дара инженерно-техникин белхахойн цIа.

Хаза куц долуш дара иза. Цу чохь, 250 стагана охьахаа меттиг йолуш, йоккха зал а, сцена а, техникин литературин библиотека а, тайп-тайпана говзаллаш Iамош йолу кружокаш а, башха кхачанан чоь а, гIоьналлин дуккха а кхин чоьнаш а яра. Соьлжа-ГIаларчу интеллигенцина чIогIа езаелла а, церан самукъадолу а меттиг хилла дIахIоьттира иза. Кхузахь вовшахтуьйхира Нохчийчоьнан къоначу хьажархочун хьалхара театр.

1958-чу шарахь дуьйна таханлера де тIекхаччалц оцу цIа чохь болх беш ю Советийн Союзан Турпалхочун Х.Нурадиловн цIарах йолу Нохчийн Пачхьалкхан драмин театр. Нохчийчохь тIаьххьара тIемаш болуш йохийна хилла гIишло керла куьцаш деш тойина. Шена тIе бIаьрг хIуттуш хаза гIишло ю иза.

Иштта ю-кх Соьлжа-ГIалахь уггаре а ширачу: Дундуковскин, Сталинан, Революцин, М.Эсамбаевн цIарахчу урамийн оьмар а, селхане а, тахане а.

(Пайдаэцна яздархочун, журналистан Кусаев Iадизан «Соьлжа-ГIала» книгах)

С.ХАСАНОВ

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: