СаIудийн Араверчу Джидда шахьарахь Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин председатель, муфти Межиев Салахь-Хьаьжа цхьаьнакхийтира Сийлахьчу Къуръанан а, Суннин а гIуллакхашкахула йолчу Дерриге а дуьненан организацин коьрттерачу секретарца IабдаллахI ибн Iали Басфарца.
Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллин пресс-службехь хаам бина ма-хиллара, цара дийцаре дира бусалба умматехь тахана долу хьал а, вайн республикина а, Дерриге а дуьненан оцу организацина а юкъара зIенаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш а.
Къамелаш дерзош куьйгаш яздира цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь болчу бартана. Цу тIехь билгалдоккхуш ду хьафизийн хьуьжарш кхиор, дешаран программаш цхьаьна кечъяр, шеран планаш хIиттор, дин хьоьхуш йолчу учрежденешкарчу хьехархойн корматалла а, мутаIеламийн хаарийн тIегIа а лакхадаккхар, Сийлахь Къуръан дика дешаран дуьненаюкъара конкурсаш вовшахтохар, цигахь хьафизашка дакъалацийтар, дуккха а кхидерг.
«Дин Iаморан декъехь цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь болу и барт бар доккхачу маьIне ду берриге а бусалбанашна. Барт бан вайн аьтто хилла Сийлахьчу Къуръанан гIуллакххо, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан бахьана долуш. Уггаре а дика хьафизийн хьуьжарш яйтина цо. Сийлахьчу Къуръанан а, Суннин а гIуллакхашкахула йолчу Дерриге а дуьненан организацис хьалхара меттиг елла царна. Нохчийчоьнан хьафизийн хьуьжар чекхъяьккхина 800 гергга мутаIелама. Цо дерриге а дуьненна бIаьрла дIагойту вайн къоман баьччас бусалбанашна шех беркат долуш болу болх дIахьош хилар. Оцу беркатан цхьа дакъа ду Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллиний Сийлахьчу Къуръанан а, Суннин а гIуллакхашкахула йолчу Дерриге а дуьненан организациний юкъахь бина болу хIара барт», – элира вайн республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.
Иза белхан гIуллакца СаIудийн Араве ваханера Дерриге а дуьненан Исламан Лигин коьрттерачу секретара, шайха, доктора Мухьаммад аль-Iийсас кхайкхарца.
Д.АНАДЕВ
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо