Къоман сий лардина иччархо

(Советийн Союзан Турпалхочун Идрисов Абухьаьжин 100 шо кхачарна лерина)

1944-чу шеран бекарг (март) беттан 21-чу дийнахь Польшерчу Мазовецк гIалин коьртачу майданахь гайтам бара схьабиллина. ЦIечу Эскаран векалша немцойн фашисташна дуьхьал латточу къийсамехь гайтина турпала хьуьнарш дара гайтамехь дуьйцурш.

Москва, Сталинград, Ленинград, иштта дуккха а кхийолу советийн гIаланаш луьрачу мостагIех дIацIанъеш доьналла гайтина бIаьхойн суьрташ дара дIатоьхна.

Царна юкъахь вайн турпалчу махкахочун Идрисов Абухьаьжин сурт а дара. Вайх хIорамма а дозалла дан бакъо йолуш хIара дешнаш дара Идрисов Абухьаьжин суьртан бухахь оьрсийн маттахь яздина: «Славный сын чеченского народа сержант Идрисов Абухажи».

Гайтам вовшахтоьхначара бечу хаамашца тIом болабелчахьана, ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш хиллачу Идрисов Абухьаьжас кхо бIе гергга фашист хIаллаквинера. Къилбаседа Малхбузерчу фронтан тоьлла иччархо (снайпер) вара иза.

1942-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 10-чу дийнахь Идрисов Абухьаьжас гайтина бIаьхаллин хьуьнарш бахьанехь, 11-чу эскаран бIобаьччанаша Кремлерчу хьаькамашка кехат яздинера цунна лаккхара совгIат далар доьхуш.

Оцу дехарна жоп луш, Советийн Союзан Лакхарчу Советан №309 йолу сацам 1942-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 26-чу дийнахь шуьйрачу хаамийн гIирсаша зорбане баьккхинера, Идрисов Абухьаьжина «ЦIечу Байракхан» орден луш хилар хоуьйтуш. Иштта турпала кIант хилла-кх вайн махкахо Идрисов Абухьаьжа.

Бералла

БердкIел цIе йолчу нохчийн ширачу юьртахь 1918-чу шеран хIутосург (май) беттан 18-чу дийнахь Эдун Идрисан доьзалехь дуьнен чу ваьлла вайн турпалхо. Инарла Деникинан эскаро къинхетамза шозза ягийна БердкIел. ГIаж таккхол верг, гIаьттина, мостагIчунна дуьхьалваьлла, буьрсачу тIамехь шайн синош, догIмаш ца кхоош, мостагIчух летта бердкIелахой. Абухьаьжин да Идрис а хилла шайн юрт ларъечу турпалхошна юкъахь. Чевнаш хилча а, кхехкачу тIамна юкъара ца ваьлла. Дозадоцу бIаьхаллин хьуьнарш, майралла, доьналла гойтуш, шен ворхIе да ваьхначу юьртана гIаролехь лаьттина Идрис. Цундела хилла хила там бу иза дукха хьалххе лахьтин кийра верзар а. Абухьаьжина дага ца догIура шен ден юьхь-сибат. Делахь а, ден нуьцкъала амал а, синъондалла а цIийх дIаийна-м хиллера кIантана.

Ши йоI а, хIара цхьаъ бен воцу кIант а кхобуш, йисина Iийна ю Абухьаьжин нана Баянт. Абухьаьжа кхиъна валале, байлахь бисинчу вешин доьзална мелла а гIо-накъосталла деш хилла деваша дIавелира. ТIаккха цуьнан кхо бер кхабар а шена тIелецира Баянта.

ТIаьхьо, кхин цхьа марваша дIаваьлла цуьнан шина берана терго яр а тIедуьйжира. Цундела хетало Абухьаьжин бералла хила а ца хилла аьлла. Делахь а, цхьа дегахьаам бара кIентан. Иза кхуьнан нийсархо, лулахо, доттагI Яшуркаев ХIарон вара, ши шо Абухьаьжел воккха а волуш.

Вовшийн амал тайна, къамел цхьаьна догIуш вара и шиъ. Даима ловзуш, чу-ара волуш, цхьаьна хуьлура. Школе деша цхьаьна вахара, цхьана парти тIе охьахиира. Цу хенахь юьртарчу школашкахь хьехар нохчийн маттахь дара. Дика деша дIа а волавелира Абухьаьжа, шен доттагIчуьнца йохье вуьйлуш, дешарх чIогIа самукъадолуш.

Бакъду, ур-атталла ворхI класс чекхйоккхийла-м ца хилира цуьнан. Нанна гIо дан лиъна, колхозе балха ваха дийзира цуьнан 1930-чу шарахь. КIентан шийтта шо хан яра оцу муьрехь. Абухьаьжа балха хIоьттича, дукха хан ялале дешарна юкъаравелира ХIарон а.

ХьаьжкIаш кхиочу кегийрхойн бригадехь болх беш вара ши доттагI, тIедехкинчу декхаршца тIехдика ларош, хьанал къахьегарна дика цIе йоккхуш вара. Забарца, жимачохь хьуьнарца къаьсташ вара ши доттагI. Воккха хила воьлча, синкъераме а, ловзарга цхьаьна листина вара. Иштта, самукъадаларца цара колхозехь белхаш беш, муха долу ца хууш, дIаделира масех шо. Дагахь доцуш, ХIароне ЦIечу Эскаре кхойкхуш кехат деара.

ДоттагIчух валар чIогIа хала ловра Абухьаьжас. ХIора дийнахь тIеман комиссариатан неIарехь лаьтташ хуьлура иза ша эскаре вахийтар доьхуш. Амма, ненан цхьаъ бен цахиларна, ханна жима хиларна, хIокхо дуьйцург аьттехьа ца дуьтура комиссара. Делахь а, Идрисов Абухьаьжа къарвелла юха-м ца велира, 1939-чу шеран гуьйранна ша ЦIечу Эскаре дIахьажаваллалц.

ЦIечу эскарехь

Беларусерчу Полоцк гIалахь лаьтташ дара Идрисов Абухьаьжас бIаьхаллин некъаш дIадолийна ЦIечу Эскаран дакъош. 10-чу эскаран 125-чу стрелкови дивизина юкъайогIучу №550 йолчу полкан 1-чу батальонан пулеметни взводехь дIаболийра цо шен сийлалле боьду некъ.

1939-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Полоцке дIакхаьчна вайн махкахо кхаа баттахь кхечу салташца бIаьхочун корматалла караерзош вара. Къаьсттина сиха евзира цунна «Максим» цIе йолчу пулеметан къайленаш. Абухьаьжас санна, нийса Iалашо лоцуш, герз тухуш салтий кIезиг бара взводехь. Иза билгалделира командирашна.

Оьрсийн мотт цахаарна мелла а ийзалора вайн махкахо шен тIеман накъостех. ТIемалочун Устав Iаморехь а, командираша диначу хаттарна жоп дала а оьшура оьрсийн мотт.

Амма, Абухьаьжин ийзаваларо новкъарло йора мотт шера Iамо а, бийца а. Делахь а, бIаьхаллин хьуьнар, техникин къайленех кхиар а лакхарчу тIегIанехь дара. Цундела командирашна дукхавезара хIара, оьрсийн мотт ледара хаар бахьанехь юьйлу цхьайолу ледарлонаш тидамза юьтура.

1940-чу шеран чиллин (февраль) баттахь Финлянди тIаме дIахьажочу тобанна юкъа нисвеллера вайн махкахо. Бакъду, Финлянди дIакхачар-м ца хилира кхеран тобанан. Баттахь гергга Старая Русса цIе йолчу станцехь лаьттира Идрисов Абухьаьжин пулеметни взвод юкъахь йолу 550-гIа полк. Эххар а, кхаъ кхечира Финляндин а, СССР-н а барт хилла, тIом чекхбаьлла аьлла. Полк Латви дIайигира.

ТIаьхьуо, Литва дехьаяьккхина, Польшин дозанца дIахIоттийра иза. Дехачу Iаьно а, 1941-чу шеран бIаьста а полк пачхьалкхан дозанехь дуьхьалонан чIагIонаш еш яра. Иза нийса дара. ХIора а бIаьхочун дагах хьерчаш яра машаречу дахарх марзо эцар дахлург цахиларан шеконаш. Дуьненна «бIов» бохуш, карзахваьлла хьийзачу Гитлер Адольфан эскаран дакъош гена лаьтташ дацара. Церан герзашца эвхьазадийлар диканна дацара.

1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнан садаьржаш, тIом дIаболабелира. Немцойн фашисташ, ямартлонца доза хадош, чухахкабелча 13 километр бен гена йоцуш лаьтташ яра АбухьаьжагIеран полк. Буьрсачу тIеман хьалхарчу сохьташкахь дуьйна Iожаллин къизачу кIуркIаманис юкъаозийра вайн турпала махкахо.

БIаьрг белла ца вуьтуш, герзаш деттара мостагIчо. Сийначу цIарах догуш ду моьттура маьлхан дуьне. Амма, къар ца луш, дуьхьало йора ЦIечу Эскаран бIаьхоша, кхеравелла, цхьа а юха ца волуш. Делахь а, ницкъаш цхьатерра бацара. МостагI дера, къиза вара.

Дукха салтий хIаллакьхилира тIеман хьалхарчу дийнахь. Делан къинхетамца, дийна висира А.Идрисов. Бакъду, вала бахьана доцуш-м ца висира. Дуьнен чохь яккха йисина хан хиларна кIелхьара ваьлла хир ву-кх.

Суьйранна омра кхечира ЦIечу Эскаран бIаьхошна юхадовлар тIедуьллуш. МаьркIажене лестира тIеман хьалхара де. Ткъа иза хьалхара де бен дацара. Кхин а 1 417 дийнахь тIом бан дезара ЦIечу Эскаран толаме кхача.

Бакъду, Идрисов Абухьаьжа, дог тешна вара советийн догмайра салтий толаме кхочург хиларх. Бераллехь дуьйна турпалчу иллеша лерса хьоьстуш кхиъна волчу Идрисов Абухьаьжин даго аьттехьа ца дуьтура сийлахь Даймохк мостагIчунна дIалур бу бохург.

Луьра тIемаш беш, ЦIечу Эскарца малхбалехьа юхавала дезна цуьнан, деэшаро къаьхьа къурдаш дойтуш. ТIаккха, оццу эскарца, фашистех Даймохк дIацIанбан тIом беш, малхбузехьа гIаш дIаихна вайн турпала махкахо. Массо а меттехь яхь, доьналла, майралла гайтина цо.

Бакъволчу нохчичун цIе ца йожийна мел ирча денош, къиза киртигаш тIехIиттарх а яхь дIа ца елла.

Буьрсачу тIеман некъаш

1941-чу шеран мангалан (июль) баттахь Псков-Великие Луки тIеман зилехь Ильмень-Селигер цIе йолчу Iаьмнашна юккъехь лаьтташ хилла А.Идрисов юкъахь волу эскар. Ленинграде дIагIерта фашистийн ардангаш юхаетташ тIемаш бина цигахь. Цу муьрехь хилла вайн махкахочух иччархо.

Буьрсачу тIеман кхийсарш лахъелча, кхиболу салтий йоццачу ханна мукъане садаIа блиндажашка дIасабекъабелча а, Абухьаьжа шен пулеметана юьстах ца волура. Семачу бIаьргашца тIеман аре толлуш Iуьллура иза, аьтту куьйган нана пIелг пулеметан лаг тIехь болуш.

ТIеман кхийсарш лахъелча, мостагIчун окопашкахь дерг гуш меттиг йогIура малхо серладаьккхинчу дийнахь. ТIаьхьо Идрисов Абухьаьжина марзделира гучуваьлла фашист Iалашо лоцуш шен пулеметан лаг озо. Мичара йогIу ца хоуьйтуш, кхеттачу пулеметан дIаьндарго фашист тIекIел оьккхуьйтура.

Цунах кхуьнан чIогIа самукъадолура. И кеп цхьана дийнахь хIоттийна Iаш вацара пулеметчик. Дукха хан ялале билгалделира цо ша цхьамма кхаа дийнахь 28 фашист вожийна хилар. ТIаьхьуо шен пулемет дIахIоттийначу дота чохь цхьа бегIийла бен бира Абухьаьжас. Арахьара дот дIакъевлина кеп хIоттош, амма чуьра арахьаьжча, тебна Iачу кхунна мостагI волчу агIор дерриге а схьагуш.

Идрисов Абухьаьжас хаддаза эгочу фашистех дерг шена дIахиъча, кхуьнан командира лакхарчу командирашна дIадовзийтира вайн махкахочу бIаьхаллин хьуьнар. ТIаккха цара сацам бира иза Москва иччархойн школе деша вахийта. Амма шена бевзинчу тешамечу накъостех дIакъаьстина деша ваха Идрисов Абухьаьжина ца лиира.

Дешна ваьлча мича хьажаво, хьанна улле нисло ца хаьара. Шен ойланаш хIокхо командирана дIайовзийтира. Абухьаьжин дагара хиъначу командованис хIара Iамо говза иччархо валийра эскаран штабера.

Масех дийнахь Iамийра говзанчас вайн махкахо. Уггаре а коьртаниг – иччархочуьнгахь собар хила дезара. Ткъа иза А.Идрисовгахь долуш дара, герз нийса тохаран говзалла карайирзина яьллера.

ТIамехь иччархочунна йогIуш цхьацца бегIийлаш яра: юург токхе хиларца, кхечуьнца. Куьйгана каде, бIаьргана сема волу нохчи иччархойн тобане дехьаваьккхира командованис.

Дукха хан ялале, Къилбаседа Малхбузерчу фронтехь массарна а евзаш яра говзачу иччархочун, майрачу нохчичун цIе. Цуьнан суьрташ а, цунах йолу статьяш а газеташ тIехь гучуйийла юьйлаелира. Командованис довха дешнаш ца кхоадора майра бIаьхо хестош. Кест-кеста буьрсачу тIеман уггаре а халачу меттигашка кхуссура иза.

1942-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Ленинградана мелла а герга вигира Идрисов Абухьаьжа, немцой цигахь дукха эвхьаза, къизаллица чугIерташ хиларна. Иттех дийнахь бIе сов фашист хIаллаквира цо шен куьйга. Коьртачу декъана немцойн эпсарш бара цо эгийнарш.

«Советийн Союзан Турпалхой» цIе йолчу книги тIехь иштта яздо вайн махкахочух лаьцна: «Немцошна коьртах ваьллера куьг говза иччархо, тIаккха, шайн тоьллачу иччархочунна тIедиллинера немцоша, Абухьаьжа волу меттиг билгалъяьккхина, ларвина, и дIаваккхар.

Мухха делахь а, Идрисовна хиъна хиллера ша ларвеш вуйла. Дей-буьйсий даьккхира иччархоша дуьхь-дуьхьал бирзина. Цу шиннах муьлххачо а дина гIалат тIаьххьара хир долуш дара. Когаш, куьйгаш лацаделлера Абухьаьжин.

Набаран-таж дара тIетуьйсуш. ЧIогIа лаьара, хьала гIаьттина, волавала, дегI хецадалийта. Амма меттахвала бакъо яцара, тIеерзийна мостагIчун топ яра, ларамаза йина жима ишар а тIаьххьара хиларна кхерам бара. Иштта вогIавелла Iаш немцойн иччархо а вара. Эххар а, мостагI меттахволуш тосаделлачу Абухьаьжас топ туьйхира. Вожийра мостагI. Иштта иччархо вара нохчийн майра кIант Идрисов Абухьаьжа.

Махкахойн Iуналла деш

Къилбаседа Малхбузерчу эскаран командирашна чIогIа дукхавезара вайн махкахо. Самукъадолура хIара хелхавоккхуш а. Ротин командира ша араволий, салтий схьагулбой, цаьрга тIараш тухуьйтуш хелхавоккхура кест-кеста Абухьаьжа. Ткъа хелха-м иза ша нохчийн халкъан ансамблан солист волуш санна хаза волура, цхьа доггах бохь бугIуш, гулбеллачеран самукъадоккхуш. Иштта, тийна деанчу цхьана дийнахь, ротин командира Кузнецовс элира: – 2-чу батальонехь хьан махкахо ву, хьайна лаахь иза волчу гIо, ас бакъо ло хьуна.

Самукъадаларца дIаиккхира Идрисов Абухьаьжа 2-чу батальоне. Йоккхачу АтагIара Мальсагов Жигархан хиллера командира вийцина вайн махкахо. Абухьаьжас хаьттира цуьнга: «Хьо муха кхаьчна кхуза?».

Жигархана дийцира баттахь гергга шалон тIехь шаьш схьадаладар а, новкъахь, немцоша авиатохар дина цIерпошт йохийна хилар а, дийна висина иттех стаг кхуза схьавалийна хилар а.

– Хьо суо волчу дехьаваккха хьожур ву со, – элира Абухьаьжас. Со волчохь гIоле хила там бу хьуна. Топ кхосса хаьий хьуна?

– Жимачохь кхокхий-м дайъина ас, кхин цул тIаьхьа герз каралаьцна-м дац, – жоп делира Жигархана.

– ХIумма а дац. Iамор ву. Командирашка хьуо иччархо ву алалахь…

Ткъех стаг шен куьйга кIел волуш, иччархойн тобанан командир вара Абухьаьжа цу муьрехь. Шена оьшург кхайкхина сехьаваккха, ца оьшург юкъара ваккха бакъо йолуш вара иза. Делахь а, командирана ца тайра, шега хаттар-алар доцуш, цо шен махкахо схьавалийча.

«Нохчийчохь тоьллачарех цхьаъ иччархо ву хIара», – къар ца лора Абухьаьжа…

– Суна воцийла хаьа, хьайн махкахо хиларна озабезам беш схьавалийна ахь хаттар-алар доцуш, – чугIертара командир.

Эххар а, Жигарханан хьуьнар зен лиира цунна. ГIакх дIахIоттийна топ кхоссийтира Мальсагов Жигархане. Iалашонна герга кхийтира дIаьндарг.

Иза ларамаза нисделла, кхин цкъа а кхосса еза элира командира. Дегочу куьйгашца кхин цкъа а топ каралецира бIаьхочо. Юха а Iалашонна кхийтира тоьпан дIаьндарг. Амма командир юха ца волура. КхозлагIа герз кхоссийтира, хIинца а командир къарван санна, Iалашо лоцуш гIакхан нийсса юккъе кхийтира дIаьндарг. Иштта, иччархо хилла, шен махкахочуьнца висира Жигархан.

Бакъду, дукха хан ялале цунах тоьлла иччархо хилира. Делахь а тIом иза тIом бу. Цхьана суьйранна «мотт» бало йоьдучу тобанца вахана Жигархан кхин юха ца веара. «Мотт» балош юхабирзинчу тIеман накъосташа дийцарехь, Жигархан а, цуьнца кхин цхьа бIаьхо а мини тIе нисвелла, тIеман арахь воьжнера. ЧIогIа хала лайра Абухьаьжас махкахочух валар.

Немцойн фашисташна бекхам банза ца Iийра иза. ШолгIачу дийнахь Абухьаьжас ворхI фашист вожийра. ХIора а ша вожа мосаззво «хIара Жигарханна тIера совгIат ду шуна» олуш.

Толаме боьдучу новкъахь

1943-чу шеран оханан (апрель) баттахь Идрисов Абухьаьжас гIуллакх деш хиллачу 370-чу кхийсархойн стрелкови дивизера бинчу политхаамашца, цо хIаллаквинера 309 фашист. Лениградана фашисташа бина го баьстинчул тIаьхьа, цо тIемаш бина Псков гIала, цунна гонаха йолу кIошташ, ярташ, Прибалтика, Польша фашистех дIацIанъеш. Цкъа, буьрсачу тIамехь, мини тIе нислой чевнаш йо вайн турпалхочунна, делахь а, Делан къинхетам хьалха а болий, дийна вуьсу, эха шарахь гергга госпиталашкахь хан яккха дезнехь а.

1944-чу шеран оханан (апрель) баттахь командованис, Москва кехаташ дохьуьйту Идрисов Абухьаьжина «Советийн Союзан турпалхо» сийлахь цIе тиллар доьхуш.

1944-чу шеран асаран (июнь) беттан 3-чу дийнахь. Советийн Союзан Куьйгалло кхочушдира и дехар, вайн махкахочунна Советийн Союзан турпалхо сийлахь цIе туьллуш.

Бакъду, 1950-чу шарахь бен Идрисов Абухьаьжига дIа-м ца кхочу и деза совгIат. Цуьнан бахьана 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайнах Сталинан хьадалчаша махках бахар дара.

1945-чу шеран юьххьехь Горький гIалахь йолчу госпиталехь хилла вайн махкахо. ХIинца Нижний Новгород ю иза. Цигара, дерриге а нохчийн халкъ санна, махках баьхна шен верасаш лаха воьду турпалхо. Уьш Талды-Курганехь карабо цунна.

1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо яьлча, Нохчийчу схьаварна гIайгIа бо турпалчу бIаьхочо. ЦIечу Эскарехь гIуллакх дан вахале хьалха ша болх бинначу БердкIеларчу «Советская Россия» колхозе балха воьду иза, лакхара даржаш ца лоьхуш. Хьаналчу къинхьегамца даьккхинчу напхица оьзда доьзал кхиабо.

ВорхI бер дара Идрисов Абухьаьжин. Уьш дерриге а дешарца, балхаца дIанисбелла бара. Хьаналчу къинхьегамца рицкъ лохуш бара. ТIаьхьуо, Нохч-ГIалгIайн Республикин махлелоран министерствехь болх бо Советийн Союзан Турпалхочо Идрисов Абухьаьжас.

Иза кест-кеста хуьлура вайн махкарчу школашкахь, институташкахь. Шен къамелашца кегийрхой Даймохк безаре, нохчийн къоман сий лардаре кхойкхура цо.

Дера лом санна кхаа шарахь луьрачу мостагIчух летта вара иза, шегара доьналла, майралла гойтуш. ТIаьхьарчу тIаьхьенашна масал хила хьакъ ду цуьнан дахар.

1983-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 22-чу дийнахь детталучуьра сецира турпалхочун майра дог.

1918-чу шеран хIутосург (май) беттан 18-чу дийнахь дуьнен чу ваьллачу Абухьаьжин 65 шо дара дIаволуш. Къонахчунна дукха хан яцара иза. Амма лайначу халонаша, чевнаша ницкъ бинера цуьнан яхь йолчу дагна. Iер-вахар Соьлжа-ГIалахь хиллехь а, шен ворхIе да схьаваьллачу БердкIелахь дIавоьллира уггаре а халачу хенахь Даймахкана гIароле хIоьттина, цуьнан маршо, нохчийн халкъан сий лардина яхь йолу бIаьхо.

А.ГАЗИЕВА

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: