Россин Президента Путин Владимира хIора шарахь махкахойн хаттаршна дуьххьалдIа йолчу эфирехь жоьпаш далар хазачу ламасте дирзина. ХIокху шарахь асаран (июнь) беттан 7-чу дийнахь дIаяьхьира цу тайпана телеэфир.
СадаIар доцуш, 4 сохьтехь 20 минотехь жоьпаш делира цо бахархойн хаттаршна. Ткъа хаттарш Iаламат дукха дара – ши миллион сов. Царна жоьпаш дала Президент кхуьур ву бохург аьттехьа а дацара. Вай билгалъяьккхинчу хенахь 73 хаттарна жоп дала бен ца ларийра иза.
Эфир дIайолочу юьххьехь, программа дIахьош волчу Клейменов Кирилла а, Кондрашев Андрейс а билгалдаьккхира, «тхуна чIогIа ца лаьа дуьххьалдIа йолчу эфирах «аьрзнийн» книга ян».
Цунна хир дара журналисташа хиндолчун, вайн кханенан хьокъехь дийцарна коьрта тидам тIебахийтина хилар.
ХIокху шарахь, кхул хьалха хуьлуш ма-хиллара, зала чохь хьовсархой бацара, делахь а волонтераш бара. Кхин цхьа керла хIума а дара, кхул хьалха хилла доцу, Президентан дуьххьалдIа зIе яра (телеэкранашкахь гуш а болуш) министрашца а, регионийн куьйгалхошца а. Цхьадолчу хаттаршна цаьрга жоп долуьйтура Путин Владимира.
Къамел дIалолош, пачхьалкхан Президента билгалдаьккхира Росси кхиаран новкъа яьлла хилар, бахархойн дахар тодала доладелла хилар, царна тIебогIу пайданаш алсамбовлуш хилар.
Бакъду, цо аьлла ма-хиллара, цкъачунна массарна а ца хаало иза. Махкахь дукха бу къен-мисканаш. Церан барам лахбар Iедалан коьртачу декхарех цхьаъ хилар хаийтира Президента.
Бахархойн хаттарш юьхьанца, коьртачу декъана, вайн махкахь долчу хьолах лаьцна дара. Ма-дарра аьлча экономикехь, дешарехь, могашалла Iалашъярехь, юкъараллехь, и.дI.кх. дакъошкахь нислучу кхачамбацарех лаьцна дара.
Ша жоьпаш даларх тоам ца хеташ, жоьпаш даларна юкъаозийра В.Путина губернаторш а, министраш а. Иштта, бензинан мехаш тIекхетаран, уьш лахдаран хьокъехь динчу хаттарна жоп дала дийзира вице-премьеран Д.Козакан. Ткъа Томскан областан губернаторан С.Жвачкинан жоп дала дийзира дукха бераш долчу доьзалан ненан лаьттан хьокъехь динчу хаттарна.
Арахьарчу политикин хьокъехь долу хаттарш алсамдевлира дуьххьалдIа йолчу эфиран шолгIачу сохьтехь. Уьш коьртачу декъана хьакхалуш дара Россин а, Малхбузенан а юкъаметтигех, Шемахь, Украинехь долчу хьолах.
Гуш дара нах тIом хиларна кхоьруш хилар. «Дуьненан кхоалгIа тIом хиларна кхерам буй-те?», – аьлла, динчу хаттарна жоп луш, В.Путина дагадахкийтира А.Энштейна аьлларг.
Цо аьлла: «Дуьненан кхоалгIа тIом муьлхачу герзашца бийр бу-м ца хаьа суна, амма дуьненан боьалгIа тIом тIулгаш, гIожмаш кхуьйсуш-м бийр бу».
ЧIогIа маьIне дешнаш ду уьш. Иза билгал а доккхуш, В.Путина тидам тIебахийтира тIамна дуьхьало яран системаш кхион езаш хиларна, хIунда аьлча, вовшийн хIаллакдарна болчу кхерамо сецош ю пачхьалкхаш баккхий тIемаш барх.
ДуьххьалдIа йолу эфир ерзош Россин Президента В.Путина дIахьедира: «Нагахь санна вай технологийн кхиарехь тIаьхьадисахь, вайга кхачо ялур яц экономика кхиорна керла технологеш юкъаялорна, нагахь санна вай махкахь дика некъаш а ца дахь,зIе а ца хилийтахь, нагахь вай могашалла Iалашъяр, дешар тидамза дитахь – вай, тIаьхьа а кхуьур доцуш, тIаьхьадуьсур ду. Вай шеконе юьллур ю вайн суверенитет… Вай тIаьххьарчу вагонна тIе кхийсаделла ца Iаш, технологийн керлачу цIерпоштана коьртехь хила деза».
Иза цуьнан вайн халкъе болу кхайкхам бара.
В.Путинан къамело вай кхетийра сапаргIат довла йиш цахиларх, халкъан а, мехкан а дуьхьа, ши пхьош хьала а дина, доггаха къахьега дезаш хиларх.
Д.АНАДЕВ
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 12-гIа де, 2018 шо