Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу вайн пачхьалкхана уггаре а мехалчех цхьаъ долчу дезачу денца – Россин Денца!
ХIокху дезачу денца шатайпа юкъаметтиг ю россихойн, хIунда аьлча иза шен Iаламат чIогIа хьалдолуш а, чолхе а истори йолу вайн сийлахь-боккха Даймохк бу.
БIаьрлачу толамашца, а кхиамашца а цхьаьна баккхий бохамаш а, эшамаш а лан дезна цуьнан. Цкъа нисъелла ца Iийна иза кIоргачу Iинайистехь. Амма даима а ницкъ кхаьчна цуьнан халонаш эшо, къар ца луш яха йиса, кхин а ницкъ болуш хилла дIахIотта. Иза иштта нислуш хилла халачу киртигехь халкъ шена тIаьхьа хIотто, ямартчу мостагIчух Даймохк ларбан хьуьнаре долу адамаш, бакъболу баьччанаш гучубовлуш хиларна.
ТIаьхьарчу иттех шарахь даккхийчу зерех а, цатемех а чекхбийла дезна вайн мехкан. Терроризм яржарна тIера дIадоладелла, экономикин санкцешна тIекхаччалц йолу чолхенаш хIиттина цунна хьалха. Делахь а, цхьана а хIумане хьаьжна ца Iаш, дерриге а дуьне а инзар а доккхуш, вайн къоман баьччин, Россин Президентан Путин Владимиран куьйгаллица вай и дуьхьалонаш эшийна ца Iаш, кхин а нуьцкъала а, хьуьнаре а хилла дIахIиттина! И бакъдерг дерриге а дуьнено къобалдина.
Тахана вайн Даймохк нуьцкъала, экономикин кхиъна, агрессорх ша ларъян хьуьнар долуш бу. Иза дош а хета, иза лара а лору, цуьнца доттагIаллин, цхьабосса бакъонаш йолу, тешаме юкъаметтигаш хуьлийла лууш а ю тайп-тайпана пачхьалкхаш. Вай Россин патриоташ ду. Вайна беза а беза, вай дозалла а до вайн Даймахках. Вай вешан ницкъ кхочург дерриге а дийр ду мехкан кхиамаш кхин а алсамбахарехьа, мохк кхин а нуьцкъала а, исбаьхьа а бархьама.
Мехкан керлачу исторехь уггаре а хала беанчу муьрехь нохчийн халкъ гIаьттира Россин цхьаалла ларъеш, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан эзарнаша бIаьнакъосташа а шайн дахар дIаделира вайн Даймехкан маршонехьа, иза бозуш цахилийтарехьа. Цара сийлаллица лардина Россин къилбехьара дозанаш, терроризман а, вахабизман а букъсурт кагдина. Шайн турпалаллица а, Даймахкана доза доцуш муьтIахь хиларца а цара шайн цIерш юкъаязйина вайн мехкан сийлахьчу историна. Вайн турпалхойн даима а сий дийр ду вай!
Вайна го Малхбузено тахана а Росси малъян, кагъян гIертар дитина цахилар. Хаддаза Россин пачхьалкхана дуьхьал экномикин санкцеш йо США-с а, Европерчу цуьнан хьадалчаша а. Амма царна моьттург хир дац!
Шемахь дIабоьлхучу хиламашкахь дерриге а дуьненна гира Росси терроризм хIаллакйина дIаяккха сацам болуш хилар. Оцу хиламаша кхин цкъа а гайтира вайн сийлахь-йоккхачу пачхьалкхан нуьцкъалалла а, тешам а. Россин а, цуьнан Президентан Путин Владимиран а хьекъале политика бахьанехь къаьсттина мехала а, сий-лараме а хилла дIахIиттина тайп-тайпанчу дакъошкахь дуьненан мехкашкахь цхьаьнагIуллакхаш дар.
Вайн пачхьалкх тешам боллуш кхуьуш ю, лакхадолуш ду цуьнан зовкх. Вай даггара къобалбо Россин Президента дIахьош болу некъ.
Хьомсара махкахой! Даггара лаьа шу маьрша дехийла, шун доьзалшкахь ирс, беркат лаьттийла, шун ондда могашалла хуьлийла.
Дезчу денца, махкахой!
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 12-гIа де, 2018 шо