П.Захаровн цIарахчу республикин Къоман музейхь берийн суьртийн гайтам схьабиллина. «Зеленая кисточка. Нарисуй мне родной край» ю цунна тиллина цIе.

Къоман музейн пресс-службо хаам беш ма-хиллара, «Зеленая кисточка» – Ерригроссин социальни проект ю, Россин ерриге а регионашкарчу дешархошна хьалххе корматаллаш йовзийтаран Iалашонца кхочушъеш йолу.
ТIекхуьучу тIаьхьенан экологин декъехь синкхетам кхиорна, кхерамазаллин культура йовзийтарна, гонахарчу Iаламан тIалам байтаран Iалашонца а юкъаяьккхина ю иза.
Вайн республикехь Дешаран а, Iилманан а министерствон а, Культурин министерствон а гIоьнца кхочушъеш ю и проект.
Музейна хьалхарчу майданахь, Соьлжа-ГIалин школийн дешархой, кхаа команде бекъабелира, цхьана хеннахь дIайоьдучу кхаа конкурсехь дакъалаца.
Силам тIехь кроссвордаш йохкура цара, иштта экологин викторинин хаттаршна жоьпаш а лора. Уьш нийса а, сиха а дала дезара викторинин лехамашца.
Проектан официальни дакъа дIадоладалале, проектан координаторш тест-ловзар а дIадаьхьира.
Монитора тIехь дийнатийн суьрташ гойтура, уьш компьютеран «фотошоп» программин гIоьнца дехкина дара. Берашна хаа дезара оцу гайтинчу дийнатех баккъал дерш муьлха ду, фотошопаца дехкинарш муьлхарш ду.
Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнарчу дешархоша Мумостов Денис а, Насарова Ясминас а нохчийн къоман хелхарца дIадолийра проектан официальни дакъа. Царна тIаьххье хазар ледара долчу а, къорачу а берийн Соьлжа-ГIаларчу школа-интернатан дешархочо Гезуева ПетIамата «Ас кора тIехь сурт дуьллу» йиш лекхира.
Соьлжа-ГIалин берийн искусствон №1 йолчу школин дешархочо Эшалова Раянас «Догдохийла» йиш лекхара.
«Зеленая кисточка» проектан вовшахтохараллин комитетан куьйгалхочо Кузубова Верас дийцарехь 2018-чу шарахь оцу проектехь дакъалоцуш Россин 6 регионера, Нохчийн Республикера а цхьаьна, 1 200 бер ду.
«Тахана вай проектан шолгIа мур схьабоьллуш ду. Иза «Хьоме мохк биллахь суна» аьллачу суьртийн конкурсан толамхойн региональни гайтамаш дIабахьар ду. Тхуна и гIуллакх дIадолор Соьлжа-ГIалахь нисдалар боккха кхаъ а бу» – элира цо.
Цул тIаьхьа конкурсан толамхой билгалбехира. Конкурсан 9 лауреатана Сийлаллин грамоташ а, мехала совгIаташ а делира.
«Гонахара Iалам Iалашдар», «Кхерамаза къинхьегам», «Хьомечу мехкан Iалам» – кхаа номенацехула схьакъастийна бара толамхой.
Царна совгIаташ дIаделира Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа I.Нагиевс, М.Тагиевс, «Дешаран – методикин Экостандарт» долахь йолчу кхитIе долчу корматаллин дешаран учрежденин директора С.Кривозерцевс Нохчийн Республикин Пачхьалкхан къинхьегаман инспекцин коьртачу инспектора А.Эльмурзаевс, дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместитела И.Тааевс, Соьлжа-ГIалин №12 йолчу гимназин директора З.Муциевас.
«Зеленая кисточка» проектан вовшахтохараллин комитетан куьйгалхочо В.Кузубовас а, къоман библиотекин директоран заметитела Э.Гелагаевас а дакъалецира толамхой билгалбахарехь.
Толамхоша товбецан (сентябрь) баттахь Москвахь дIахьон долчу «профориентацин кIира» аьллачу мероприятехь дакъалоцур ду, кхечу регионийн толамхошца цхьаьна.
Мероприяти чеккхйолуш, проектан дакъалацархой кхин цкъа а, къоман музейн уьйтIа а бевлла, хIаваэ къорза лоппагаш дIахоьцуш, самукъадоккхуш Iийра.
З.ХИЗИРОВА
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 12-гIа де, 2018 шо