Россин Федерацин Оборонин министерствос йозуш йоцчу «Звезда» телеканалан гIоьнца схьабоьллур бу вокальни «Керла Седа» Ерригроссин конкурсан 4-гIа мур. Россин Федерацин 85 субъектерчу векалша дакъалоцуш дIахьош долу музыкальни къийсадаларш ду «Керла Седа» конкурсехь.

Оцу конкурсо шен майдане гулбо Вайн пачхьалкхера уггаре а похIме а, хьуьнаре а иллиалархой.
Телехьовсархоша кхаьжнаш тасарца, музыкин хьаьрмахь гIарбевллачу эксперташа мах хадорца къастош ву конкурсан дакъалацархошна юкъахь тоьлла вокалист.
Конкурс вовшахтухучара даима а телевиденин эфирехь дIахьур бу шайн болх. Конкурсан коьрта муьраш гайтина ца Iаш, схьакъасторан тураш а гойтур ю. Москвахь хир ю очни кастингаш, иштта онлайнехь а хир ю уьш.
Къоман «Звезда – FM» радиостанцис а, «Звезда» телекомпанис а шайн хаамийн а, тематикийн а программашкахь гойтур ю конкурсехь дакъалаца лууш болчеран сюжеташ.
Конкурсан коьрта Iалашо ю вайн пачхьалкхан массо а маьIIехь дехачу халкъашна юкъара массарел похIмениг вовзийтар а, иза дерриге а дуьненна дIагайтар а, вайн пачхьалкхан халкъийн культурийн тайп тайпаналла а, хазалла а йовзийтар.
Иштта, конкурс вовшахтухурш тешна бу Нохчийн Республикерчу къоначу иллиалархоша а оцу конкурсехь дакъалоцург хиларх.
Шуьйрачу хаамийн тайп-тайпанчу гIирсийн агIонашкахь хаамаш хир бу схьакъасторан турах (онлайн а, очни а кастингех лаьцна) дуьйцуш.
Очни кастингаш асаран (июнь) беттан 23-чу дийнера 25-чу дийне кхаччалц дIахьур ю.
Онлайн заявкаш а асаран (июнь) беттан 29-гIа де тIекхаччалц схьаоьцур ю.
Конкурсан бехкамех, лехамех лаьцна кхин а алсам хаамаш бовза лаахь конкурсан официальни https://vk.com/newsstaztv сайта тIехь а, ткъа иштта «Звезда» телекомпанин официальни https://tvzvezda.ru сайта тIехь хаа аьтто бу.
Конкурсан жоьпаллин продюссер Воеводин Павел. Цуьнан электронни адрес: voevodinpro@gmail.com, тел.: 8(96)894-18-96.
А.В.Пиманов — «Красная звезда» ОАО-н Президент
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 12-гIа де, 2018 шо