Хьомсара йижарий, вежарий! Даггара декъалдо шу бусалбанийн рузманехь уггаре а дезачу денойх цхьаъ долчу Марха дастаран денца!

Оцу дийно гIо до вайна ийманехь совдовла, вайн дегнашкахь Делах тешар чIагIдаларна, Iамадо собаре хила, гонаха болчаьрца къинхетаме хила. Цо вай цхьаьнатуху гергарчарна, бевза-безачарна диканиг дан лаарехь, гIийла-мискачуьнга гIоьнна куьг кховдо лаарехь.
ХIокху дезачу дийно доьзалехь барт-марзо чIагIйо, Исламо дIакхайкхош долчу къинхетаман а, диканиг даржоран а мехаллаша миллионаш адамаш цхьаьнатуху.
Лекха а, Сийлахь а Волчун пурбанца Нохчийн халкъо хьакъ ма-дду дIабаьхьи сийлахь Рамадан. Марханаш долчу деношкахь республикера маьждигаш дIадуьзнера жамаIатехь таравийхь ламазаш деш, сийлахь Къуръан доьшуш, АллахIе машар а, беркат а, къинхетам бар а, нийсачу некъа тIехь чIагIдар а доьхуш доIанаш деш болчара. Адамаша къаьсттина къахьоьгура хьашто йолчеран гIайгIабан, цомгашчарна, гIийлачарна гIо дан гIерташ.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо, ламасте дирзина ма-хиллара, даккхий сагIанаш дохуш болх дIабаьхьира. Цуьнан сагIа кхечира дуьненан тайп-тайпанчу маьIIехь болчу цомгашчарна а, гIийла-мискачарна а. Регионан юкъараллин фонд бахьана долуш хIокху безачу баттахь дуккха а адамашна хIусамаш хилира, гIо хилира дарбанаш лелорехь, аьтто хилира шайн доьзалш бузо.
Сийлахьчу Рамадан баттахь вешан гIуллакхашца Лекхаволчун къинхетам хиларе кхечира вай. Исламан новкъахь кхин а дика хилла, кхин а чIагIделла дIахIиттира.
Хьомсара вежарий, йижарий! Даггара лаьа Сийлахь а, Веза а Волчо Шен доза доцу къинхетам вайх бойла! Массеран а марханаш Дала къобалдойла! ТIедогIу долу марханаш кхаба а, даста а Дала могаш-маьрша дуьтийла!
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо