ХIокху деношкахь Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан белхан гIуллакхца Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн пачхьенехь Абу-Дабехь хилира. Цуьнца цхьаьна вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийчоьнан Правительствон хьалхара вице-премьер Закриев Якъуб, республикин Юкъараллин а, экономикин а кхерамазаллин советан секретарь Усмаев ВахIит, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, кхиберш.
Эмиратийн пачхьенан аэропортехь Нохчийчоьнан делегаци тIеийцира оцу махкахь волчу Россин Федерацин векала Ефимов Александра.
Цигара Кадыров Рамзан Эмиратийн паччахьна йинчу керлачу резиденце вахара, иштта, цунна юххерчу маьждиган кертахь долчу Эмиратийн хьалхарчу паччахьан Зайед ибн Султан Аль Нахайанан коша тIе а хIоьттира.
Цул тIаьхьа Абу-Дабин тIаьхьалонан элица Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайанаца хиллачу цхьаьнакхетарехь Кадыров Рамзана дийцаре дира Эмираташкарчу фирмаша Нохчийчохь кхочушъечу инвестицийн проектийн гIуллакх.
Цигахь, республикин Куьйгалхочо ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь билгал ма-даккхара, церан барт хилира оцу декъехь кхидIа а болх бина ца Iаш, иза керлачу, кхин а эвсаречу тIегIане баккха.
Кхузахь билгалдаккха догIу, и цхьаьнакхетар хилале хьалха, Абу-Дабин тIаьхьалонан элас Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайана Кадыров Рамзан, марха а достуьйтуш, шен хIусаме кхайкхина хилар а.
Нохчийчоьнан делегаци Iаьрбийн Эмираташкара СаIудийн Араве яхара.
Аэропортехь шайна дуьхьал баьхкинарш Кадыров Рамзана ца бовзийтинехь а, ВКонтакте чохь цо яржийначу видеокийсака тIехь гуш дара иза кеманна тIера охьавуссуш Сийлаллин ха а хIоттош, аэропортан безачу хьешийн терминалана хьалха СаIудийн Аравин а, Нохчийчоьнан а байракхаш а тухуш, лаккхарчу тIегIанехь тIелаьцна хилар.
Дуьхьал баьхкинчу Iаьрбаша динчу къамелана талмаж дира Россин Федерацин Федеральни Гуламан сенатора, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Герггарчу Малхбален а, Къилбаседа Африкин а пачхьалкхахь волчу векала Сабсаби Зияда.
«СаIудийн Аравин паччахьан омранца дуьхьал даьхкина ду тхо. Паччахьо хьоьга, лараме хьаша, шегара доккха салам-маршалла а даийтина, хьан дерриге а гIуллакхашка хьовса тхо декхарийлахь а дина. Марша вогIийла хьо! Марша догIийла шу!», – аьлла, Iаьрбаша динчу къамелах кхетийра Сабсаби Зияда республикин Куьйгалхо.
СаIудийн Аравехь шаьш Iумрат дарх лаьцна дийцира Кадыров Рамзана.
«Безачу Мархийн баттахь, Iумрат а деш, СаIудийн Араве кхечира тхо. Хастам бу-кх Далла, Шен пурбанца, Ислам-динан езачу меттигашка тхо кхачийтина волчу! Маккахь, Масджид аль-Хьарам маьждига чохь, оха тIаваф дира. Цул тIаьхьа ас-Сафа а, аль-Марва а цIе йолчу лаьмнашка а дахара, дайчу довдарца, 7-зза цу шинна юккъехула дIаса а дахара. Тхаьш Iумрат деш, оха Нохчийчоьнан халкъана машар а, беркат а дийхира. Иштта, Шемахь а, Иракъехь а, кхийолчу пачхьалкхашкахь а балехь болчу бусалбанийн чолхе, гIийла хьал хийцар доьхуш а Деле доIанаш дира», – яздина цо.
Маккара Мединате а кхечира Нохчийчоьнан делегаци. Цигахь уьш Масджид ан-Набави маьждигехь а, Делан Элчан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) девешин Хьамзатан коша тIехь а хилира.
«Юх-юха а лаьа-кх суна хIокху езачу, сийлахьчу меттигашка кхача. Юх-юха а лаьа-кх кхузахь «Йа Наби, салам Iалайка, йа Расуль, салам Iалайка!» дешнаш баха», – аьлла, шен ойланаш йовзийтарца берзабо Кадыров Рамзана СаIудийн Араве шаьш дахарх лаьцна болу хаам.
И.АДАМОВ
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо