Россин де билгалдаьккхира Нохчийчохь

Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь дIаяьхьира Россин денна лерина даздаран митинг. Митингехь дакъалоцуш бара министерствийн, ведомствийн белхахой а, республикерчу халкъийн кхоллараллин тобанаш а, Бусалбанийн динан урхаллин а, политикин партийн а векалш а, кхиберш а.

Митинг схьайоьллуш, Нохчийн Республикин Парламентан председатела Даудов Мохьмада гулбеллачарна дIадийшира Нохчийн Республикин Куьйгалочун Кадыров Рамзанан Россин денца доьзна декъалдар.

«Лараме махкахой, декъалдо шу Россин денца! ХIокху дезчу дийно цхьаьнатуху Даймехкан бакъболу патриоташ. Тахана, Россин Президентан Путин Владимиран политика бахьанехь, уггаре а нуьцкъалчу а, кхуьуш йолчу а пачхьалкхехь дехаш ду вай. Вайна дагадогIу, 18 шо хьалха, Россин Федерацин Президент шен коьрте хIуттучу хенахь, вайн пачхьалкх мел декъазчу хьолехь яра. Цуьнан хьекъале политика а, доьналла а бахьанехь дуккха а халонаш эшо а, юкъаралла цхьаьнатоха а ницкъ кхечира. Путин Владимира доккха гIо-накъосталла дира вайн хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIахьочу къийсамехь», – бохура декъалдарехь.

Митинган дакъалацархой дезчу денца декъалбира иштта Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата а, Нохчийн Республикин Профсоюзийн федерацин председатела Солтагереев Хьусайна а.

Росси, ша кхоллаелла, пачхьалкх хилла дIахIоьттинчу хенахь дуьйна а даима дукхакъаьмнийн пачхьалкх хилла ю. Оцу къаьмнаша, Россина тIе бохам, тIом беача, цхьа буй санна вовшах а кхетий, цхьаьний юха а тоьхна муьлхха а бохам а, мостагI а. Ас иза боху, тахана Росси екъа гIертачаьрга. И цаьрга цкъа а далур дац, – элира Д.Умаровс.

Хь.Солтагереевс билгалдаьккхира, Россин де, Россин Федерацин дерриге халкъаш вовшахтухуш долу, вайн пачхьалкхан коьртачу дезчу денойх цхьаъ хилар.

Хьалха вайн халкъо сатийсина хилла долу дерриге а хьелаш ду вайн тахана. Де дийне мел долу толуш ду Нохчийн Республикехь дахар, кхочушдеш деш ду белхазаллица доьзна гIуллакхаш, лакхадоккхуш ду алапа. И дерриге а хилла Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан къинхьегам а, болх а бахьанехь. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Iалашонаш а, цо дагалаьцнарг а кхочушдеш схьавогIу иза, – элира цо.

Мероприятехь иштта дIадаьхьира 14 шо кхаьчначу Нохчийн Республикин 10 къоначу вахархочунна Россин Федерацин гражданийн паспорташ даздаран хьолехь дIадалар. Царна юкъахь бара школашкахь, гимназешкахь тIехдика доьшуш берш, тайптайпанчу конкурсийн толамхой.

Митинг ерзийра нохчийн эстрадин иллиалархоша кечйинчу концертаца.

Россин денна лерина цхьамогIа мероприятеш дIаяьхьира республикин ерриге а кIошташкахь.

I.МУРТАЗОВ

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: