Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Индехь некъан-транспортан бохам хилла. Пассажираш тIехь болу автобус тIекхетта машен Iинах ца яхийта некъа йисттехь йинчу дуьхьалонашна. Оцу бохамехь 17 стаг кхелхина, 8 стаг лазийна. Талламхоша динчу хьесапашца автобусан водитель машенна урхалла дарца ца ларийна, тормозаш а ца хилла дика.
***
ОвгIанан къилбаседа-малхбузе декъарчу Iедалан эскарийн цхьана подразделенина тIелетта хIокху деношкахь террористийн гIера. Оцу тIеман тасадаларехь 20 эскаргIуллакххо кхелхина, иттех бIаьхочунна чевнаш хилла. Террористашна юкъара 9 зуламхо хIаллаквина. Iедалан эскарша а, кхерамазаллин службин белхахоша а дIахьош ду тIелатар дина зуламхой лахар.
***
Сингапурехь цхьаьнакхийтира США-н Президент Трамп Дональд а, Къилбаседа Корейн Президент Ким Чин Ыр а. Цара дийцаре дира КНДР-ра ядерни герзаш дIадахаран, зераш дар сацоран хьокъехь долу гIуллакхаш. Церан барт хилира Къилбаседа Корейхь кхул тIаьхьа зераш ца дан. Цул тIаьхьа хиллачу пресс-конференцехь Д.Трампа дIахьедира: «Къилбаседа Корейгахьара ядерни кхерам бац. Дуьне кIелхьарадаьлла ядерни кхерамах».
***
Шемахь долу хьал машаран некъа тIе даккхаран а, Шема меттахIотторан а гIуллакхаш дийцаре дан кестта Женевехь цхьаьнакхетар бу Россин а, ГIажарийчоьнан а, Хонкаран а векалш. Цигахь дакъалоцуш хир бу Шемин а, ООН-н Кхерамазаллин Советан а векалш.
***
Оха хьалха а хаам бина ма-хиллара, Гватемалехь хIинца а сецна дац «Фуэго» лам Iеттор (вулкан). Ломан «кийрара» аракхуьйсучу цIаро даккхий зенаш дина. Цигахь 120 стаг кхелхина. Царна юкъахь 27 бер ду. 200 гергга стаг карош вац. Царах хилларг цкъачунна хууш дац. Iаламан оцу бохамна дан хIума дац цхьаьннан а.
***
Гуьржийчоьнан Правительствон Председатела Квирикашвили Георгийс дIахьедина ша шен даржера дIаволуш хилар. Цо и дIахьедар динчул тIаьхьа правительствон берриге а декъашхоша а дIахаийтина шаьш а балхара дIадовлуш хилар. ХIинца герггарчу цхьана-шина кIиранах керла правительство вовшахтоха дезар ду Гуьржийчоьнан Iедалан.
***
Бина болу цхьа а барт, тIелацам кхочушбеш дац тахана Украинин Iедал. Герзаш деттар сацоран хьокъехь бина барт а бохош хIокху деношкахь юха а Донецкан областерчу ярташна герзаш диттина Iедалан эскарша. И бахьанехь масех цIа дохийна. Делахь а, малхбузено могуьйтуш ду цара мел деш дерг. Цул сов оцу Iедална луш кредиташ а ду.
***
Индонезина юххехь доьхна мигранташ тIехь хилла хIордакема. КIелхьарадахархой орцах кхачар бахьана долуш дуккха а мигранташ кIелхьарабаха аьтто баьлла. Амма уьш тIекхачале 17 мигрант кхелхина. Уьш хи бухалара хьалабаьхна. Кхин а 8 стаг карош вац.
***
Россин Президента В.Путина а, кхин а пхийттех пачхьалкхан куьйгалхоша а селхана дакъалецира Москвахь футболах ловзаран дуьненан XXI-гIа чемпионат даздаран хьолехь дIайоьллучохь. Чемпионатехь дакъалоцуш ю 32 пачхьалкхан футболах ловзаран вовшахтоьхна командаш.
***
Москварчу харжамийн комиссис дIахьош ду мехкан коьртачу шахьаран мэр харжарна кечамаш бар. ХIинцале регистраци йина 11 кандидатана. Царна юкъахь ву Москван таханлера куьйгалхо С.Собянин. Цуьнца цхьаьна дIахьош ду харжамийн каппаш кечъяр а, харжамхойн хьесап дар а.

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: