Физкультурин урокаш керлачу программица тIеюьзна

Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос физкультурин урокаш керлачу программица тIеюьзна.

ТIедогIучу дешаран шарахь дуьйна могашалла ледара йолчу берашна лерина физкультурин керла программа хир ю берийн бошмашкахь а, школашкахь а.

Федеральни дешаран методикин цхьаьнакхетаралло юкъарчу дешаран лехамашца талла а теллина, кхачамбацарш дIа а даьхна, тIечIагIйийр ю иза. Цул тIаьхьа, физкультурин урок луш болчу хьехархойн а, берийн бошмашкарчу кхетошкхиорхойн а говзалла лакхайоккхур ю керлачу программица болх дIабахьар карадерзош.

ТIекхуьу чкъор могаш хилийтаран Iалашонца дIадаханчу дешаран шарахь Россин школашкахь физкультурин сахьташ алсам даьхна. Цо гайтина могашалла ледара йолчу берашна шайна лерина программа оьшуш хилар.

ХIинццалц Россин школашкахь могашчу а, могашалла ледара йолчу а дешархошна физкультурин урок цхьана программица луш яра. Хьехархочун тIедехкарш кхочушдан шайн ницкъ цакхачарна, могашалла ледара йолу бераш мелла а юьстах дуьсура физкультурин урокехь.

Хьехархочунна а хала хуьлура царна хIун дан деза ца хууш, и дерриге а тидаме а эцна, берийн могашаллин тароне хьаьжжина, физкультурин урокаш керлачу программица тIеюзуш ю.

Уггаре а коьртаниг берийн могашалла ю. Ткъа иза жимма галъяьлла хилча шен нийсархошна юкъахь озало бер, лаамаш, таронаш цхьатерра ца хилча муххале а. Россин могашаллаIалашъяран министерствон гIоьнца вовшахтухуш керла программа ю. Берийн могашаллин тароне хьажжина кечъян езаш ю иза. Масала, бIаьрса ледара долчу берана хIоттийна программа мегар яц дог лозуш долчу берана, иштта кхидIа а. ТIедогIучу дешаран керлачу шарахь дуьйна берийн бошмашкахь а, школашкахь а физкультурин урокехь шайн программа хир ю могашалла ледара йолчу дешархойн, – дийцира Федеральни дешаран-методикин цхьаьнакхетараллин председателан заместитела Басюк Виктора.

Россин юкъарчу дешаран учрежденешкахь а, берийн а бошмашкахь а хIинцца бен юкъайоккхуш яцахь а, ВУЗ-кахь, СУЗ-кахь дукха хенахь дуьйна кхочушъеш ю могашалла ледара йолчу студенташна лерина физкультурин программа.

Делахь а, мелла а тIечIагIъян езаш ю церан программа а, билгалдаьккхира В.Басюка.

Берийн бошмашкахь дуьйна шен могашалле хьаьжжина билгалъяьккхина программа хилча беран таро хир ю школехь, цул тIаьхьа ВУЗ-кахь я СУЗ-кахь физкультурин урокехь шен могашалла тоян.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: