Патриотийн «Седа» тобанан шен байракх ю

«Советийн эскарийн Германехь хиллачу Декъан (ГСВГ-н) ветеранийн регионашна юкъара союз» юкъараллин организацин Нохчийн Республикерчу филиало даздаран хьолехь дIадаьхьира Соьлжа-ГIалин №4 йолчу гимназин патриотийн «Седа» тобанна «Юнарми» боламан байракх дIаялар.

И гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон гIоьнца.

Цигахь дакъалецира ГСВГ-н ветеранийн союзан Нохчийн Республикерчу филиалан председатела Ковраев Мусас, Веданан кIоштарчу ветеранийн организацин куьйгалхочо Сайдулаев ЯрагIис, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон говзанчас Вазаралиев Висадис.

«Юнармия» болам Россин Федерацин Оборонин министран Шойгу Сергейн дIадолорца кхоьллина. Цуьнан Iалашо ю тIекхуьуш долу чкъор Даймохк безаран а, ларбаран а дог-ойланехь кхетош-кхиор.

Даздарш дIадолийра Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а пачхьалкхан гимнаш аларца. Цул тIаьхьа «Седа» тобанна «Юнармин» байракх дIаелира.

Ковраев Мусас шен къамелехь билгалдаьккхира: – Къона эскархо хилар доккха дозалла а, сийлалла а ю. Тахана вайн тIекхуьуш болу кегийрхой баккхий кхиамаш бохуш хир бу аьлла хета суна. Лаьа, дешарехь а, дахарехь а шун аьтто хуьлийла.

Иштта довха дешнаш олуш вистхилира Сайдулаев ЯрагIи: – Вайн республикехь тIекхуьучу кегийрхойн хиндерг вайх доьзна ду. Цундела уьш ийманехь, шайн мохк а, мотт а безаш кхиор вайна тIехь ду.

Цхьаьнакхетар дерзийра гимназин куьйгаллина а, Вазаралиев Висадина а тIекхуьуш долу къона чкъор кхетош-кхиорехь жигара дакъалацарна ГСВГ-н ветеранийн союзан Сийлаллин грамоташ яларца.

Х.МОВСАРОВА

Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: