ХIусамашкарчу газан гIирсашна тIехь къепе латтайо

Вайн регионан ерриге а кIошташкарчу хIусамашкахь дIахьош ду газах пайдаэцарна тIехь терго латторан гIуллакхаш. Оцу декъехь къепе талхош болчарна гIуда тохарца таIзар дийр ду, иштта, протокол а хIоттош, суьдо кхиэл а йийр ю.

Нохчийн Республикин хIусамийн-коммунальни бахаман урхаллин пачхьалкхан терго латторан службин инспекцин отделан хьаькама Дакаев Тимура оцу хьокъехь республикехь долу юкъара хьал довзийтира.

Дукха хан йоццуш, республикин Прокуратурехь кхеташо хилира оцу гIуллакхна лерина. Нохчийн Республикин прокуроран заместитела В.Степановс дIаяьхьира иза. Дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин пачхьалкхан хIусамашна терго яран гIуллакхийн а, иштта Акционерийн «Газпром газораспределение Грозный» юкъараллин, «Грозгазсервис» предприятин а векалш. Дукхапетарийн цIеношкахь а, шайн долахь йолчу хIусамашкахь а бахархошка газаца боьзначу гIирсашна тIехь кхоччучу барамехь къепе ларъяйтар яра и гIуллакх дIадахьаран коьрта Iалашо. Оцу кхеташонехь билгалъехира республикехь оцу декъехь къепе талхийна меттигаш, иштта суьде дIадала деза гIуллакхаш дийцаре а дира, – элира цо.

Цул сов, цо билгалдаьккхира, хIора а вахархочун хIусамерчу газан гIирсе хьажаран хьокъехь бина барт хила безаш хилар: «И барт бина цахилар къепе йохор ду, цунна гIуда а догIу», – элира Т.Дакаевс.

Газан гIирс нийса цалелор бахьана долуш дуккха а сингаттамаш бевлла меттигаш ю. Карарчу шарахь а 12 меттиг ю газ бахьана долуш бохам хилла. Цундела, хIораммо а само ян еза газаца боьзначу гIирсех пайдаэцаран а, уьш лелоран а къепе ларъярехь а, ларъяйтарехь а.

Хь.БАХТАЕВА

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: