Суна-м лаьа лекхчу лома вахна,
Ширчу бIаьвнех сема бетта бIаьрг,
Суна-м лаьа, сайн орамаш лехна,
Суо ма-варра вовза со-суо верг.
Суна-м лаьа шовдан коьрте хIотта,
Iаббалц баха ламанан хин чам,
Суна-м лаьа бIаьвнаш тоеш йотта,
Карлаяккхархьама яхна хан.
Суна-м лаьа хьалхалера дийцарш
Дагалеца, дийца кIад ца луш,
Байракх сийх еш, цIенчу новкъахь эгнарш
Бийца, хесто, догIу хьакъ дIалуш.
Суна-м лаьа сенчу байлахь Iилла,
Ламанан хIо шовкъе уьйзуш чу,
Йист йоцучу хьежа лаьа стигла,
Кху лаьттаца деган зIе сан ю.
Суна-м лаьа ломан боьххье вала,
БIаьрга лаца ерриг Нохчийчоь,
Органера Терке салам делла.
Вовшахтоха ерриг Нохчийчоь.
Суна-м лаьа, каде дина хиъна,
Массарна хазийта етта берг,
Дайн кхерч бовза марзо ваьлча йиъна,
Хуьлда сох а суна доьгIна дерг.
№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо