
Уьйрашка мел хаза бека хьо аьхна,
Башха ахь хьал-де а хотту.
ХIун до хьо бицбина дуьненахь ваьхна,
Хьал долу, сан Ненан мотт!?
Вац, хьуна, цуьрриг со хьоьха къахеташ,
Йишйоьхна хьуна саготта.
Емалбеш, дахарехь хьо дош цахетарш,
Церан ду-кх къа, Нохчийн мотт.
Хилла хьо! Хир а бу халкъалахь бехаш,
Даймехкан хазалла юьйцуш.
Нохчийн мотт, хьо болуш хета со вехаш!
Доьзалца цхьаьна хьо буьйцуш.
Iамаде меттанаш кхечу а къоман,
Уьш хаар ду хьуна дика.
Амма ахь биц ма бе лекханиг ломал!
Вайн маттахь аз хаза дека.
№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо