РаббиIул-Аввал беттан хьурмат деш

IMG_0771

Мавлид дийшира Радион цIийнехь

РаббиIул-Аввал беттан сийнна а, карарчу шеран 4-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь зуламхойн карах кхелхинчарна Нохчийчохь барт, машар хилийтарна тIера а мовлид дийшира кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.

Мавлид деша кхайкхинера Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетера мутаIеламаш. Иштта цигахь дакъалоцуш вара лакхахь билгалъяьккхинчу ведомствон министр Жамалдаев Шаид, оццу ведомствон белхахой, тайп-тайпанчу изданийн куьйгалхой, кхиберш.

– Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош РаббиIул-Аввал беттан сий деш, мовлад дешна, кхелхинчу вешан берриге а йижаршна, вежаршна, дукха хан йоццуш кхелхинчу полицин белхахошна Деле гечдар а, Нохчийчохь, иштта берриге бусалба нахана машар, барт хилийтар Деле доьхуш до1анаш дира мовладе баьхкинчара, – бохура Ш.Жамалдаевс.

Билгалдаккха догIу, Делан Элча Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла болу РаббиIул-Аввал бутт дерриге а дуьненарчу бусалба наха къаьсттина лоруш хилар.

М.РУСЛАНОВ

Авторан сурт

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: