Даудов Гиланин байташ

Сан декхар

Дахаран къаьхьа кад мийларх,
Собарца лардийр ду эхь.
Нохчийн дог сайн кийрахь мел ду,
Юхкур яц къонахчун яхь.

Вогуш со лелар вац цуьрриг,
Вуй хууш со лаьмнийн кIант.
Лардийр ду дика дош эрриг,
Со волчу меттехь сайн гIант.

Кура со ца хилла цкъа а,
Хууш ву дахаран чам.
Собаре хилла зен лан а,
Цуьнца ас боккхур бу лам.

Ас даим лардийр ду бIаьрхиш,
Со винчу хьомсарчу ненан.
Иза сайн декхар дуй хууш.
Со хиларх къона я къена.

Ден амал кхиор ю ларъеш,
Я цунна осал ца хилла.
Цо суна хьехна некъ ларбеш,
Дахарехь юьхькIайн чекхвийла.

Нохчийн мотт

Нохчийн мотт, хьоьца ду сан дерриг дахар,
Хьо буьйцуш, хьо хестош дуьнен чохь вахар.
Сан деган стом бу хьо хийца йиш йоцуш,
Дагна, ахь, синтем ло ала дош доцуш.

Хьох къаста йиш яц сан, йиш яц хьо хийца,
Хилча хьо бехаш сан дагца а, цIийца.
Сан дог маьрша ду хьо буьйцучуьнца,
Сан ойла йоьлуш ю, хьо хесточуьнца.

БIов санна хьан чIагIо, къонахийн амал,
Ларйина хьо хестош, базбина ломал.
Наха хьо буьйцур бу дуьне мел лаьтта,
Хьоьца мел вехаш верг, вехаш-кх ву атта!

№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: