Махмудов Iийсан байт

Нохчийчоь

Хьан кхоллам бухкучу базарахь воккхачу стага,
ГIаддайча сагIа ца деха,
Лечанан хелхар а хестадеш,
Лекхначу пондаран мукъамо
Халонан бIаьра собарца хьежа
Iамийна хьан Нохчи ву со.

Доладан барт хиллачу керлачу дахарна,
Эхь дайна, некъ лаца дуьхьала уьдуш,
Некъ баста кхоьссинчу соьмах а Iехало
Урамера берийн сур санна,
Хьан дахаран некъ лийца Iеминчарех
Сайна чекх са гина хьан Нохчи ву со.

Хьан чевнех хьаьгначу мостагIчо
Хьан къомах хиларна шаьш жоьпе а ийзош,
Хийла, ас-со баьхна да дедоьхна висча,
Зударийн доьналлех бIаьргбуьзна,
Церан сий массо а лакхенца дуста
Дуй биъна хьан Нохчи ву со.

«Кхузахь а адамаш деха», – бохуш,
Шайн аьттачу хIусамах ца бовла,
ДIаьндарго цаца бинчу кевна тIехь
Iаьржачу йозанца орца а яздина,
Адамаша адамалла лоьхуш,
Теш хилла хьан Нохчи ву со.

«ХIара тхуна а ма тайна!» – бохуш,
Лайн амалш къагаеш, юьйцуш,
Шайца бертахь воцург тилла а хеташ,
Диканна сурт хIиттош, питана хьекъош
Лелачех ца теша, цаьрга ла ца дегIа
ЧIагIо йина хьан Нохчи ву со.

Хьан кхоллам бухкучу базарахь
Мах-беркат ца леха,
Сан къоман хиллачух, лайначух
Сайн синан мехаллаш йоьттина,
Азаллин йохаллехь уьш а ца хьешийта
Айса сайна дош делла
Хьан Нохчи ву со!

№21, шинара, бекарг (март) беттан 20-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: