2007-чу шарахь дуьйна ВТБ банко Россин 20 гIалахь берийн могашалла Iалашъяран учрежденешкахь «БIаьрхиш доцу дуьне» гIоьналлин акцеш ю дIахьош.

ХIокху шарахь дуьххьара Нохчийн Республикехь хилла оцу банкан векалш. ГIоьналлин акцина юкъаяхана Соьлжа-ГIалин берийн №2 йолу клиникин больница. Банко берийн могашалла талларан гIуллакхехь оьшуш йолу 1,5 млн сом мах болу медицинин аппарат эца сертификат делла. Ахчанан совгIат дIа а луш, кегийчу дархойн самукъадаккха шайца берийн телепередачин а, мультфильман а турпалхой а балош, банкан векалш Соьлжа-ГIалин берийн №2 йолчу клиникин больницехь хилира.
Iуьйренан процедураш чекхъевлча, больницин актови зала чу схьагулбинера жима дархой. Россин пачхьалкхан «Россия» телеканалан «Буьйса декъал хуьлда, бераш» гIараяьлла евзаш йолу передачин турпалхой Филя, Степашка, «Фунтик» мультфильман турпалхо фокусник Дядюшка Фокус-Мокус а, Фунтик а веанера берийн самукъадаккха.
Телевизор чохь бен гина боцу шайна дукхабезабелла турпалхой шаьш долчу бахкарна чIогIа самукъадаьллера берийн. Филя а, Степашка а къамеле долура берашца, Дядушка Фокус-Мокуса хIилланца бераш цецдохуш, дуккха а фокусаш гайтира, ткъа Фунтика берийн туьйранех долу хаарш толлуш, уьш тило гIерташ, юха цаьрга нийса жоп олуш, левзира.

Шайн лазар дицделла, туьйране кхаьчча санна, ирсе дара бераш. Шайн жимачу дахарехь больница а, лоьраш а бовза дезначу берийн дог хьостуш, банкан векалша царна совгIаташ дира.
Цул тIахьа хирургин а, травматологин а, физиотерапин а отделенешкахула синкъераме дахказа дисинчу берашна совгIаташ даьхьира хьешаша.
СовгIаташ делла ца Iаш забаршца, фокусашца самукъадаьккхира берийн. ХIора берана леррина терго йора цара, берашн а дарба хиларе шаьш сатуьйсуш дуйла а хоуьйтура. СовгIаташ а дохьуш, шаьш долчу шайн хьоме турпалхой бахкар доккха сов совгIат дара царна.
«БIаьрхиш доцу дуьне» гIоьналлин акцина тиллина цIе нийса хиларна тоьшалла дара берийн даьлла самукъа а, ирсе бIаьргаш а. Терго яза цхьа а бер ца дуьтуш, церан экаме дегнаш а хьаьстина, лазар дайдина цул тIаьхьа, болу болх банкан векалшка дIабелира цара.
ВТБ банкан вице-президентаца Ерофеев Александраца цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министра Сулейманов Эльхана а, оццу министерствон ноналлин а, бераллин а департаментан директора Саратова Элитас а, оццу министерствон бераллин отделан хьаькима Ирбаиева Таисас а, Соьлжа-ГIалин берийн №2 йолчу клиникин больницин коьртачу лоьро Абдулаханова Бирланта а.
– Нохчийн берашна орцах довларца аш тхуна динарг доккха гIо-накъосталла а совгIат а ду. Шун акцеш бахьанехь берийн медицинин учрежденийн аьтто хуьлу дуккха а берийн могашалла меттахIотто. Дуккха а медицинин керла технологеш ю йоццачу хенахь могашалла меттахIотто ницкъ болуш, амма уьш эца дуккха а ахча оьшу. «БIаьрхиш доцу дуьне» санна йолчу гIоьналлин акцеша аьтто бо уьш берийн клиникашкахь хилийта, – элира министра Э.Сулеймановс.
– Нохчийчу тхо дуьххьара даьхкина, кхул тIаьхьа дахка дагахь ду. «БIаьрхиш доцу дуьне» гIоьналлин акци 2003-чу шарахь дуьйна Москван а, Москван областан а берийн могашалла Iалашъяран учрежденешкахь дIахьош яра. ВТБ банко шен акцеш шорйина, 2007-чу шарахь дуьйна Россин кхечу гIаланашкахь а дIаяхьа йолийна. ХIетахь дуьйна хIора а шарахь Россин 20 гIалахь берийн больницешна гIо деш вовшахтухуш ю «БIаьрхиш доцу дуьне» гIоьналлин акци. Тхан банко цхьана а медицинин учрежденина тIе ца дуьллу, эшахь ца эшахь, медицинин гIирс эцар, больницин, клиникин куьйгалло ша хоржу шена оьшург, ткъа оха цуьнан мах дIало, – дийцира ВТБ банкан вицепрезидента Ерофеев Александра.
Соьлжа-ГIалин берийн №2 йолу клиникин больница республикехь а цхьаъ бен яц нейрохирургин а, корта лазийна чевнаш хиллачунна а сиха гIо даран больница. Еккъа цхьа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах гIоьналлин фонд яра оьшучунна тIехь оцу больницийна гIо деш.
– ВТБ банко дIахьош йолу «БIаьрхиш доцу дуьне» гIоьналлин акци дуккха а берашна гIо-накъосталла деш ю. Тахана тхан берийн а ирс хилла оцу акцина юкъадаха. Тхуна чIогIа оьшуш яра гематологин ElIte анализатор а, цIийца ионн а, газ а хилар билгалдоккхуш йолу лабораторин GemPremIer анализатор а. И эца аьтто барна даггара баркалла шуна, – элира Соьлжа-ГIалин берийн №2 йолчу клиникин больницин коьртачу лоьро Абдулаханова Бирланта.
ВТБ банкан вице-президента А.Ерофеевс Соьлжа-ГIалин берийн №2 йолчу клиникин больницин коьртачу лоьре Б.Абдулахановага 1,5 миллион соьмана сертификат дIа а луш дерзийра цхьаьнакхетар.
ВЕГИЕВА МАККА
Авторан суьрташ
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо