Вайн махкахь а, генна дозанал арахьа а дика евзаш ю Кадыров Хож-Ахьмадан цIе. Къилбаседа Кавказан Iеламнехан Советан председатель ву иза. Цул сов, «Грозный» телеканалехь цо беш болчу хьехамашка кест-кеста ладогIа ирс хилла вайн. Уьш даима маьIне а, сатедеш а хуьлу. Гуш ду, цIархазмана телеэфире ваьлла вац Кадыров Хож-Ахьмад.

Халкъах, махках доглозуш, ладугIург кхета лууш, вай дерриге а ийманехь чIагIдала лууш до цо къамел. Иза къеггина тоьшалла ду вайн турпалхо бакъволу Iеламстаг хиларна а, нохчийн къоман син-бIаьвнех цхьаъ Кадыров Хож-Ахьмад хиларна а. Бух боцу хIорд санна, шорта ду цуьнгахь хаарш. Уьш бусалба динах хилла Iаш дац.
СССР цIе йолу йоккха пачхьалкх, ямартлонца тIелатар дина, немцойн фашисташа къинхетамза буьрсачу тIеман цIергахь яго йолийначу шерашкахь нохчийн ширачу Хоси-Юьртахь дуьнен чу ваьлла Кадыров Хож-Ахьмад.
КIант когаваха кхиале дерриге а нохчийн халкъ, мостагI лерина, Сталинан хьадалчаша махках даьккхира. Массара а санна хало, харцо, шело, гIело, мацалла лайра КадыровгIара а. Амма цара цкъа а Делан диканах дог ца дуьллура. Хан эрна а ца йохуьйтура. Мотт Iемина вогIуш Къуръан Iамо долийра Хож-Ахьмадна цуьнан дас Жабраила, девашас Сулимас.
Бераллехь дуьйна хьекъалца къесташ волчу кIанта атта дIалоцура шена хьоьхуш дерг. Школе вахале Iаьрбийн йоза-дешар хууш вара Хож-Ахьмад. Казахстанехь чекхъяьккхира цо советийн школин ворхI класс.
1957-чу шарахь, кхиболу нохчий санна, шайн дай баьхначу лаьтта тIе цIабирзира КадыровгIар а. Юьхьанца Щелковски кIоштарчу хьуьна н бахаман говзанчаш кечбечу техникуме деша вахара Хож-Ахьмад.
И техникум боккхачу кхиамца чекхъяьккхира цо 1959-чу шарахь. Амма жима стаг сиха кхийтира хьуьнан бахамехь болх бан шен ойла тIейоьрзуш цахиларх. Цунна адамашна юкъахь болх бан лаьара, деэшначунна дан гIо-накъосталла долуш. Цундела вахара иза Соьлжа-ГIаларчу медицинин училище деша.
1965-чу шарахь кхиамца училище чекхйоккхий, шен дай баьхначу Хоси-Юьрта цIавоьрзу иза. Итт шарахь болх бина Кадыров Хож-Ахьмада юьртарчу больницехь лоьран даржехь. Хетарехь, цхьа а хIусам яц юьртахь Хож-Ахьмада шен къинхетаме орца кхачоза. Юьртарчу берриге а бохург санна кегийрхойн цIерш хаьа цунна. Цунах тамаш бойла дац. Цкъа мацах уьш берриге а Хож-Ахьмадан беркатечу куьйгашкахула чекхбевлла бу.
1975-чу шарахь дуьйна Кадыров Хож-Ахьмад Курчалойн кIоштан сиха гIо даран станцехь фельдшеран болх беш вара. Де-буьйса ца лоьруш, адамийн могашаллина гIаролехь лаьттина иза, шегара гIо-накъосталла оьшучохь орцах вала кийча волуш.
Цул сов, балхана юкъара ца волуш, 1972-чу шарахь кхиамца Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет чекхъяьккхина цо.
Нохчийн Республикин гимнан автор а, Нохчийн Республикин интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан лауреат а ву Кадыров Хож-Ахьмад.
1990-чу шарахь дуьххьара Хьаьж-ЦIа воьду иза. Цигара цIавирзича буьту цо болх. Вайн махкахь дуьххьара схьайиллинчу Курчалой-Эвларчу хьуьжарехь хьеха волало. Цунах доккха беркат долу халкъана, махкана.
Кадыров Хож-Ахьмадана кIорггера, дика евза нохчийн, оьрсийн, дуьненан литература. Цунна дагахь хаьа Пушкинан, Лермонтовн, Есенинан, иштта кхиболчу а поэтийн дуккха а байташ. Цундела хуьлу Кадыров Хож-Ахьмадан къамел маьIне, шера, чулацаме. Ма дика хир дара таханлера къона лоьраш цо Iамош хилча, олий ойла кхоллало наггахь.
Бакъду, хIинца а мукъа Iаш вац 19-зза Хьаьж-цIахь хилла воккха Iеламстаг, нохчийн къоман дозалла Кадыров Хож-Ахьмад. Иза тIекхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиош ву, вайн махкана тIедеана вон-дика дерзош ву.
Луьрачу тIемаша къинхетамза Iовжийначу вайн синошна хьаам беш, гIортор хилла схьавогIуш ву иза дуккха а шерашкахь.
Веза-Воккхачу Дала латтавойла вайна иза ша цIеначу даггара яржочу исламан серлонан марзонах махкахойн дегнаш Iаббалц, массо а сиркхонах вай дIацIандаллалц. Кадыров Хож-Ахьмад, Делан къинхетамца, вайн мискачу синойн лор хилла лаьтташ ву.
Хастам хиларо АллахI-Дала Шен дуьхьа лоьрийла цуьнан хьанал къинхьегам!
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо