Вайн махкахь дика девзаш ду Джамбекова Маликин да а, нана а. Да – Джамбеков ШаIрани (Овхьад), филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийчохь тоьллачех фольклорист ву. Университетехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш ву. Нана – Джамбекова Тамара, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь проректор ю.

Цундела мелла а тамашийна хета йоIа лоьран говзалла харжар. Делахь а, хIора стаг маьрша ву-кх вайн махкахь шен даго къобалбина дахаран некъ харжа. Ткъа Малика жима йолуш дуьйна лор хила лууш яра. Цуьнан экамечу сих дIаийна яьллера и ойла.
Дуьнен тIе ялар а, кхиар а Соьлжа-ГIалахь хиллехь а, Нохчийчохь буьрса кхихкина тIемаш бахьанехь юккъера школа чекхъяккхар Эна-Хишкахь нисделира Маликин 2002-чу шарахь. Цигара яхара иза Москва медицинин институте деша а. КIорггера хаарш долу йоI кхин хало ца хуьлуш, кхиамца чекхъелира дIаэцаран зерех.
Ялх шарахь къахьийгира цо шена дукхаезачу лоьран корматаллин къайленаш йостуш.
Эххар а, 2008-чу шарахь, кхиамца институт чекхъяьккхина Соьлжа-ГIала цIайирзира иза интернатурехь шен корматалла шаръян. Соьлжа-ГIаларчу №9 йолчу больницехь цхьана шарахь болх бира Джамбекова Маликас. Цул тIаьхьа Краснодарерчу медицинин институте ординатуре яхара.
Ординатура чекхъяьккхина цIайирзичхьана Малика Нохчийн Республикин клиникин реабилитацин туьшахь болх беш ю. Терапин отделенин заведующи ю иза. Ткъа уггаре а коьртаниг – дика лор ю.
Адамалла а ю, къинхетам а бу цуьнца. Дархочуьнга ладогIа хууш ю, цунна орцахъяла кийча ю. Цо цкъа а тесна ца дуьту дархочо дуьйцург, собарца тидаме лоцу цо мел аьлларг. ТIаккха, кIорггера ойла йой, дарба хуьлу агIо лоху. ХIора дийнахь тIехIутту шех тешна болчу дархошна, хийцам бу-бац хьожу. Оьшуш делахь дарба лелоран кеп хуьйцу. Гуш ду Маликина и болх безаш хилар а, шега жимма дархочунна гIо дан деллехь цуьнан самукъадолуш хилар а.
Бакъболчу лоьрийн амал иштта бен ца хуьлу. Цкъа цунна тIекхаьчнарг кхечу лоьрана тIеваха лууш ца хуьлу. Кху республикехь а массарел тоьлла лор хета царна иза. Лоьран башхачу амало кхоьллина ойланаш ю уьш.
Бакъду, Малика ян а ю хьеннан а догъэца, лазар дайдан говзалла йолуш.
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо