1993-чу шарахь кхиамца Iалхан-ГIалара №2 йолу школ чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIаларчу медицинин училище деша яхара Абдулазиева Зураъ. Хала хан яра иза. Зуламхой дебнера, герз эвхьаза даьккхинера, зудберана чу-арадалар маьрша дацара. Цул сов, шо шаре далале буьрса тIом болабелира. Амма Зураъ цкъа ша юьхьарлаьцначу Iалашонна тIера йолучарех яцара.

Аренаш Iадош букара дарц хьийзадахь а хьалхахьа дIагIертачарех яра. Иштта къар ца луш чекхъяьккхира цо училище а. Медйиша хиларан хьокъехь тоьшалла деш долу диплом караэцна, ша йиначу, кхиинчу Iалхан-ГIала цIайирзира Зураъ.
Шайн юьртарчу больницехь дIаболийра къинхьегаман некъ. ГIиллакхе, оьзда, собаре яра йоI массаьрца. Цундела массарна дукхаезара. Де-буьйса ца лоьруш богIура юьртахой медйиша йолчу шайн сингаттамашца.
КIеда-мерза йист хуьлий, йолчу таронца гIо-накъосталла дой, церан сингаттам мелла а байбой дIабохуьйтура уьш йоIа. Ерриге а Нохчийчоь баланийн боданах юзуш дIаболабелира вайн махкахь шолгIа тIом. Цхьана ханна зуламхойн туш хилла дIахIоьттинера юрт.
ХIора дийнахь схьахезаш цхьаъ вукхул а шийла кхаьънаш дара: вийна, герз тоьхна, чевнаш хилла. Бохамаш алсамбовлуш даьхкинчу оцу деношкахь а шен корматаллина тешаме йолуш чекхъелира З.Абдулазиева.
Цунна хаьара хаза дош аьлла дархочун сатедан, дегайовхо кхолла, кханенах тешо. Къона елахь а, дегIана эгIаза елахь а синъондалла нуьцкъала амал яра цуьнан. Цара гIо дора, халонашна бIо ца къажош, доьналлица луьрачу зерех чекхъяла. Селхана вай массара лайна и халонаш тахана ирча гIан хета.
Кадечу замано ерзайо экамчу синошна хилла мел яккхий чевнаш а. Амма адамалла, къинхетам, деган комаьршалла лар йоцуш цкъа а йовш яц. Ца дайна Абдулазиева Зураа дина диканаш. Юьртахь дика цIе йоккхуш ю иза. Юьртахойн бIаьрг буьзна цунах.
Кхо бер ду цуьнан хьалакхуьуш. Делахь а, безаш схьалаьцна болх дIа ца тесна цо. Iалхан-ГIаларчу куьпан больницехь берийн отделенехь медйиша болх беш ю иза.
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо