Шен Iалашоне кхаьчна

Бераллехь дуьйна кIайн халаташ юьйхина адамаш хазахеташ яра Зараъ. Цуьнан самукъа долура царах бIаьрг кхетча. Веданан кIоштарчу Эрсанара юккъера школа чекхъяьккхина йолуш йоI тешна яра лоьрачуьнга кхочуш говзалла цахиларх, ша иза караерзориг хилар.

Хала хан яра Абдулмуслимова Зараа юккъера школа чекхъяьккхинарг. Марс абаьлла боьдуш хьалхара тIом бара Нохчийчохь.

Делахь а, цуьнан ницкъ ца кхечира юьхьарлаьцначу къилбанах йоI тило. Зараъ деша яхара Соьлжа-ГIаларчу медицинин училище.

Зама луьра хиллехь а студентийн шераш самукъане а, ирсе а дара. Жималло тIе ца юьтура чолхечу дахаран цхьайолу шогаллаш.

Къоначу дегнашна теша лаьара нохчийн къоман сирлачу кханенах. Цара дегайовхо кхобура зуламхоша лелош йолу ямартлонаш кестта совцориг хиларх.

1998-чу шарахь елира иза дешна. Медйишин говзалла караерзийна хиларан хьокъехь тоьшалла дара йоьIан карахь. ХIинца иза кийча яра бераллехь дуьйна сатийсина, шена дукхабезачу балхахь хьаналчу къинхьегаман некъ дIаболо.

Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь Соьлжа-ГIалахь №7 йолчу поликлиникехь яха йолийра цо белхан дуьххьарлера гIулчаш. ХIинца а оцу поликлиникехь болх беш ю иза. Баккъалла а нохчийн зудчуьнгахь товш йолчу эсалчу амалехь ю Зараъ. Иза даима кIедамерза ю дархошца. Дебуьйса ца лоьруш кийча ю шегара гIо-накъосталла оьшучунна орцахъяла.

Ткъех шарахь цхьана меттехь болх беш йолчу цуьнан белхан алссам зеделларг гулделла. Мегаш, тарлуш чекхйолуш ю иза шен белхан накъосташца.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос делла дуккха а совгIаташ, Сийлаллин грамоташ, Баркаллин кехаташ ду цуьнан.

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: