Къоначу хьовсархошна керла спектакль гойтур ю

Х.Нурадиловн цIарахчу Къоман театрехь а, М.Лермонтовн цIарахчу театрехь а, Къоначу хьажархочун театрехь а берашна леринчу спектаклашца самукъадоккху кегийчу хьовсархойн.

Иштта, Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь керлачу «Iалавдин керла леламаш» спектаклан репетицеш дIайолийна дукха хан йоццуш. Голубецкий Дмитрийн пьеси тIехь хIоттийна иза.

Нохчийн Республикин хьакъволу артист, театран къона режиссер Умаев Рамзан ву спектаклан режиссер. Цо юьхьарлаьцна Iалашо ю берийн самукъадаьккхина ца Iаш, шайна гиначух пайдехь дерг цаьрга схьаэцийтар.

«Iалавдин керла леламаш» спектакль кечъяран хьалхара мур бу болийна, кечъеш ю лерина декорацеш. Декорацеш а, турпалхошна леррина духарш а берашна товр долчу, къегинчу басаршкахь хир ду.

Спектаклехь коьртачу турпалхойн Алладинан а, Жасминан а ролаш ловзор ю къоначу актераша Хасанов Тимир-Булата а, Давдаева Ледас а. Иштта, Алладинан ненан роль ловзор ю Шахбазова Джамиляс, Султанан роль – Султуханов Аптис, визиран роль – Ахмадов Сулимана, Жинан роль – Гацаев Iелас.

Кестта, кегийчу хьовсархойн таро хир ю «Iалавдин керла леламаш» спектаклан премьера ган.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Актераш репетицеш дIахьош бу

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: