Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалха республикин эзарнаш бахархой гулбелира. Террористех дуьйлу зуламаш шайн доьзалшка кхаьчнарш бистхилира гулбелчарна хьалха, иштта Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьош йолчу политикина шаьш реза хилар а гайтира.
И гIуллакх вовшахтоьнера Нохчийн Республикин юкъараллин а, адамийн бакъонаш ларъяран а организацеша, ткъа иштта террористийн карах беллачеран гергарчара а.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Абдурахманов Дукхаваха, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Нохчийн Республикин бусалба динан урхаллин председатель Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векал Нухажиев Нурди, Нохчийн Республикин профсоюзийн председатель Солтагереев Хьусайн, республикин парламентан депутаташ, кхиберш.
Республикин парламентан спикера билгалдаьккхира Нохчийчохь терроризмана а, экстремизмана а меттиг хирг цахилар.
– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента А-Хь.Кадыровс арабаьккхина нийсонан некъ бахьана долуш республика сихачу боларшца кхиаран новкъа схьайогIуш ю. Тахана террористаш тешнабехк бан гIерта вайна. Цул сов КаляпингIар а кийча бу терроризмана тIетан. Нохчийчохь лелаш закон ду, бакъйолу куьйгалла а ду, цундела вайн терроризмаца къийсам латто аьтто бу, вай и латтор бу, – бохура цо.
Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас билгалдаьккхира, террористаша арабаьккхина некъ бусалба динна дуьхьал хилар.
– Шен доьзал кхабар Iалашо йолуш балха вахана стаг вер бусалба динца а догIуш дац. Вай дерриге а дуьхьал довла деза террористашна, уьш иблисан новкъа схьабогIуш бу, – бохура цо.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
Мусиповн сурт