Вайн спортсменийн кхиамаш

Каспийск гIалахь (Дагестан) дIаяьхьира Асиятов Саракатана лерина йолу греко-римски кепара охьатохархлатарехула кхиазхойн Дуьненаюкъара турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара Россера а, кхечу 7 пачхьалкхера а – Азербайджанера, Гуьржийчуьра, Эрмалойчуьра, Казахстанера, Узбекисанера, Таджикистанера, Беларусера – 150 спортсмен.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Вайн республикера цигахь дакъалоцуш бара РДЮСШ-ра спортсменаш.

72 кг. йозаллин категорехь, вайн республикин векала Магомадов Турпала кхоалгIа меттиг яьккхира.

Кестта Москва гIалахь хинйолчу турнирана кечамбеш ву спортсмен.

З.ШИШХАНОВА

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 15-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: