А-Хь.Кадыровн цIарахчу Мемориалан комплексан музейхь Нохчийн Республикин халкъан суртдиллархочун, Россин Суьрташдахкархойн союзан декъашхочун Идрисов Даданан 75 шо кхачарна а, цуьнан кхоллараллин 50 шо кхачарна а лерина «Искусство – дахарехь» гайтам схьабиллина.
Оцу гайтамехь хьовсархойн кхиэле биллинарг 64 болх бу.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранийн Нохчийн Республикин областан председатела, Россин Федерацин Нохчийн Республикехь йолчу Суьрташдахкархойн союзан региональнин отделенин председатела Умарсултанов Вахас а, оцу музейн директора Ахмадов Iабдул-Вахьаба а.
Гайтам схьабоьллуш Д.Идрисовн кхоллараллин некъах лаьцна дийцира музейн директоран Iилманан балхехула волчу заместитела Ахматов Висанпашас. К.Ибрагимовс а, Э.Сулеймановс а, I-В.Ахмадовс а довха дешнаш элира суртдиллархочун кхоллараллах лаьцна.
1971-чу шарахь дуьйна СССР-н Суьрташдахкархойн союзан декъашхо ву иза.
1973-чу шарахь дуьйна «Художник» журналан агIонаш тIехь зорбане баьхна цуьнан белхаш. Дукха хьолахь портрет, живопись жанрашкахь къахьоьгуш ву иза.
Даданан суьртийн дуккха а гайтамаш хилла. Суртдиллархочо шен кхоллараллехь къаьсттина тидам тIебохуьйту политикин а, къоман а лидерийн суьрташ дахкарна. Цо диллина долу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сурт «Россин летопись» галерейн фондехь ду.
Цуьнан похIма а, кхоллараллин къинхьегам а билгалбаьккхина мидалшца а, дипломашца а, Сийлаллин грамоташца а.
Оцу гайтаман коьрта хилам бара Умарсултанов Вахас Дадан «Россин Федерацин хьакъволу суртдиллархо» цIе елла хиларца декъалвар.
АСЛАХАНОВА Хеда
Авторан суьрта тIехь: гайтаман дакъалацархой