Гакаев Iаьрби вина 1958-чу шеран чиллин (февраль) беттан 9-чу дийнахь Казахстанерчу Семипалатинскан областан Чарскан кIоштан Булак юьртахь.
Нохчийн халкъ юха шен махка цIадоьрзучу хенахь, шайн дай баьхначу юьрта ГIой-Чу цIабирзира IаьрбигIеран доьзал а. Оццу юьртахь чекхъяьккхира юккъера школа.
1992-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтехь дешна а ваьлла, шайн юьртарчу школехь хьехархочун болх бо цо 28 шарахь сов.
Спортаца гергарло дара Iаьрбин. Кхиамаш а бехира цо. Охьатохархлатарехула СССР-н «Спортан мастеран» хилира. Карарчу хенахь шайн юьртахь тренеран болх беш ву иза.
Цуьнца цхьаьна литературица гергарло а ду Iаьрбин бераллехь дуьйна. Ша язъеш вуй хоуьйтуш дацара кIанта жимачу гонна а бен. Эхь хетара цунна, шен байташ гайта а, зорбане яла а Iалашо яцара цуьнан. Шена язъеш, охьайохкура цо байташ.
Ша уьтталгIачу классехь доьшуш волуш, шен лаьмнех лаьцна йолу цхьа байт зорбане яьлла хилар хиира цунна. И зорбане хьан елла ца хаьара.
Цул тIаьхьа дикка хан яьлча, юха а цIерадахарх лаьцна йолу кхин цхьа байт зорбане яьлла карийра Iаьрбина. ДоттагIаша дIаеллачух тера дара уьш зорбане.
Шен говзарш къайлаяьхнехь а дуккха яздархойн говзарш Iорайохура цо шен накъосташна дукха йоьшура, цо вайн яздархойн: Бадуев СаьIидан, Ошаев Халидан, Айдамиров Абузаран кхечеран говзарш. Иштта, цунна дагахь хаьара поэтийн: Гадаев Мохьмад-Салахьан, Сулейманов Ахьмадан, кхечеран байташ.
Кхечу къаьмнийн литературехь къаьсттина цуьнан даго тIеэцнарг Хаям Омар вара. Цуьнан дуккха а рубаиш дагахь хаьара. ТIаьхь-тIаьхьа литературица йолу юкъаметтиг чIагIлуш яра.
КIантана дагахь а доцуш Эдильгериев Хьасанан байтийн куьгайоза тIехь долуш, цхьа тептар карадеара. Цунна чIогIа тайнера Хьасанан поэзи. Юха Хьасан уллера вовзар а нисделира цуьнан. Цунах дагавийлар а, пайдаэцар хуьлура.
Цо шен хьехархо лорура иза. Хьасанан хьехарех пайда а оьцуш зорбане вала волавелира Iаьрби. Цо шен говзарш къайлаяьхна латтор бахьана долуш тIаьхьо нисделира цуьнан поэзи йовзар. Вайн махкахь хиллачу тIемаша доккха зен дира цуьнан кхоллараллина.
Юрт йохийна, ягийна дIаяьккхира, кхуьнан дуккха а говзарш а хIаллакъхилира. Цо хала лайра шен цIийцIа боьзна болу Даймохк иштта хIаллакбар.
Iаьрбин поэзехь дукхах йолу говзарш цу темина лерина ю. Поэта шен «Сих Iийдало байташ» цIе йолчу гулар тIехь дика билгал а даьккхина иза. Мел баланаш, халонаш лайнехь а, сирлачу сатийсамех ца долу поэтан дог. Кханенах теша иза.
2000–чу шарахь ша язйинчу «ГIой-Чу» байтехь иштта боху поэта:
…Йохийна, яржийна Iилларх,
Сан юрт, хьо лахьор ю схьа.
Дитина заманан хIилла,
Хьан чевнаш ерзор ю дIа.
ГIалгIайчохь мелла а хан яьккхинчул тIаьхьа, юьртахь кхерч боццушехь, Хьалха-Мартана схьавеара иза. Шен йохийна хIусама, чуваха йоцу меттиг а яцара цунна гуш. Шен да ваьхна ков-керта а, юьртара исбаьхьа Iалам Нохчийчоь яра цунна хьоме. Цара лора кхидIа а ваха ницкъ.
Гакаев Iаьрбин кIезиг яц патриотизман, гIиллакхоьздангаллин, лирикин байташ.
Шен хIора а байтаца цо ешархошна дIабовзуьйту шен синхьаамаш, сатийсамаш. Цаьрца ю церан мехаллаш а.
БАНЖАЕВ Аьрзу
№46, пIераска, асаран (июнь) беттан 22-гIа де, 2018 шо