Кхин а санехь, эвсаре бан беза болх

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхеташо дIаяьхьира республикин Правительствон декъашхошца, кIоштийн администрацийн куьйгалхошца, депутаташца, Iеламнахаца, нуьцкъалчу блокан векалшца. Коьртачу декъана цигахь дийцаре дира совдегаралла кхиоран, кхерамазаллин, ткъа иштта доьзалшкахь барт чIагIбаран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Кхеташонан юьххьехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира экстремизман а, терроризман а тIеIаткъамах къона тIаьхье ларъярехь коьрта маьIна доьзало лелош хилар.

«Дай-наноша а, баккхийчара а лерринчу тидамехь латто деза бераш. Цара хIун леладо, шайн берашна дахарехь хIун оьшу, церан ойла тIеозош дерг, царна марзлуш дерг хIун ду хьовсуш хила деза. Къаьсттина бер кхиазхочун хене долучу хенахь оьшу цо лелочунна само яр. ХIунда аьлча, оцу хене доьрзучу берана вон масал марзло, цо цуьнан кхетамна Iаткъам бо. Цундела кIоштийн къеданаша а, администрацийн куьйгалхоша а, жоьпаллин даржашкахь болчу кхечу наха а бахархошна юкъахь хьокъала боллу кхеторан болх дIабахьа беза», – бохура цо.

Нохчийчоьнан муфтис Межиев СалахьХьаьжас тидам тIебахийтира дIасакъаьстина доьзалш вовшахтохаран а, доьзалшна юкъахь барт баран а комиссис бина беркате болх бахьана долуш 1 500 доьзал юха цхьаьнатоха аьтто хилла хиларна.

«Кхул хьалха нохчийн халкъан оьмарехь цкъа а хилла дацара мехкан куьйгалхочун халкъан а, доьзалан а бала кхаьчна, церан барт хилийтаран хьокъехь гIайгIа бина хьал. Тахана, Ахьмад-Хьаьжин Рамзана гIолацар бахьанехь аьтто баьлла вовшахбевлла болу доьзалш юха цхьаьнатоха. Ткъа хIора а доьзалехь масех бер ма ду. ХIинца, Делан къинхетамца, да а, нана а цхьаьна долчу доьзалехь кхуьур ду и бераш», – бохура муфтис.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо иштта боккха тидам тIебахийтира регион социально-экономикин кхиоран гIуллакхашна.

«Вай юьххьехь дуьйна а сихачу боларшкахь дIадолийра республика кхиор. Махкахь долу экономикин атта доцу хьелаш хьесапе а оьцуш, кхул тIаьхьа кхин а эвсаре а, санехь а, бертахь а болх бан дезар ду вайн. Цуьнца доьзна къаьсттина тидам тIебахийта дезар ду инвестицеш юкъаозорна, жимачу а, юккъерчу а совдегараллина мелла а аьхна хьелаш кхолларна. Вайна мехала ву республика кхиорна юкъа харжаш йохкуш волу хIора а совдегар. Инвесторш алсам юкъа мел озий а алсамъевр ю белхан меттигаш. Цундела и декхар кхочушдарна хIора а лаккхарчу жоьпаллица тIеваха веза», – чIагIдира цо.

Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана хьахийра Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна кечамбаран гIуллакх. Цо тIедиллира цунна лерина даздарш дIадахьарна кечамбаран оперативни штаб вовшахтохар. Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина даздарш дIадахьаран оперативни штаб кхоьллира циггахь. Цунна куьйгалла дар тIедиллира Нохчийчоьнан Счетни палатин председательна Тумхаджиев Iийсана.

«Бан безаш берг вуно боккха болх бу. Цундела герггарчу деношкахь дIадоло деза Соьлжа-ГIала оцу даздаршна кечъяр. Оха хIинцале билгалъяхна и белхаш бан беза меттигаш. Тешна ву, нагахь санна вай массара а цхьабосса къахьегахь, вайга мел даккхий а декхарш кхочушдалург хиларх. Вай иза дукхазза а гайта а гайтина», – элира Р.Кадыровс.

Кхеташо ерзош Межиев Салахь-Хьаьжас Кадыров Рамзане дIаелира Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIаьхьенех болчу Мароккорчу векалша яийтина грамота. Цунна и совгIат дина дерриге а дуьненахь долчу бусалба умматан гIолацарехь хьуьнарш гайтарна.

Д.АНАДЕВ

№46, пIераска, асаран (июнь) беттан 22-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: