Нохчаша хьеший тIеэцар а, россихошна футболах ловза хаар а девзира мисархошна

Карарчу шеран асаран (июнь) беттан 14-чу дийнера мангалан (июль) беттан 15-гIа де кхаччалц йолчу юкъанна Россехь дIахьочу Дуьненан футболехула йолчу чемпионатехь (FIFA 2018) дакъалоцучу командех цхьаъ йолчу Мисаран вовшахтоьхначу командо Соьлжа-ГIала къастийра. Цунах боккха кхаъ хиллера республикин Iедална а, бахархошна а.

Чемпионат чекхъяллалц йолчу юкъанна Мисаран команда Соьлжа-ГIалахь сецна ца Iаш, тренировкаш а йийр йолуш яра.

Беза хьеший тIеэца, Соьлжа-ГIалин мэрин дIадолорца, республикин пачхьенан аэропортера дIа пхеаседанийн «TheLocal» хьешацIийне кхаччалц долчу урамашкахь тодаран белхаш дIадаьхьна ца Iаш, хьеший базбаран рекламин суьрташ а, оьрсийн а, ингалсийн а меттанашкахь дуккха а йозанаш а тIехь долу аннаш а хIиттийра.

Ткъа хьеший, ма-дарра аьлча, ша элий санна тIеийцира – республикин куьйгаллин лаккхара векалш аэропорте дуьхьал а боьлхуш, уьш Нохчийчу кхачарна лерина даздарш дIа а хьош.

Оццу гIуллакхна лерина Нохчийн пачхьалкхан телерадиокомпанин студехь республикин а, федеральни а шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца дIаяьхьначу пресс-конференцехь дакъалецира Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Россехь юьззина бакъонаш йолуш волчу Мисаран векала Наср Ихьаба а, Мисаран векалаллин пресс-секретара а.

Цигахь йовзийтира «Кахьирера хаамаш/Мисар — Россехь» аьллачу тептаран оьрсийн матте а йоккхуш, леррина арахецна йолу номер а, иштта, дийцира Нохчийчоьнан а, Мисаран а юкъаметтигех лаьцна а.

Бакъду, коьрта къамел Россехь дIахьочу Футболехула йолчу дуьненан чемпионатах а, цу юкъахь Мисаран вовшахтоьхначу командо дакъалацарх а лаьцна хилира.

Шаьш Соьлжа-ГIала схьакхаьчначу сарахь мисархоша «Ахмат-Арена» стадиона тIехь йинчу схьайиллинчу тренировке, аьлча а, мисархойх уггаре а гIараваьлла волчу ловзархочуьнга Мухьаммад Салахье хьажа веанера 7 эзар сов стаг. Цара, шайн карахь Нохчийчоьнан а, Мисаран а байракхаш а йолуш, «Нохчийчоь», «Мисар», «Росси», «Ахьмад», «Салахь» бохуш, ша а, шен команда а хестаяр чIогIа тайна, ишаршца дуккха а баркаллаш бехира гIараваьллачу футболиста.

Нохчаша шайна хьеший безар а, шаьш уьш лоруш хилар а, азаллехь дуьйна схьадогIуш долу хьеший тIеэцаран шайн ламаст а дара гайтинарг, ткъа кхидIа – спорт.

«А» группехь Россица а, СаIудийн Аравица а, Уругвайца а нисъеллачу Мисаран командин, ма-дарра аьлча, чIогIа дика гIуллакх хиллера. Аьлча а, хилла аьлла хеталора-кх.

Цхьа а «шех тешна воцучу» Россин вовшахтоьхначу командо, СаIудийн Аравица шен хиллачу ловзарехь, 5:0 чотаца Iаьрбий эшийра. Цул тIаьхьа хиира мисархойн а кхин башха аьтто хилла цахилар. Иза 1:3 чотаца Россин командо эшийра.

«А» группера Уругвай а, Росси а чемпионатан финалан 1/8 декъе йолу, ткъа саIудаш а, мисархой а вовшашца а левзина, шайн-шайн цIа дIаса гIур бу – иштта ду «А» группин жамIаш.

И.ИСЛАМОВ

№46, пIераска, асаран (июнь) беттан 22-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: