Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар даздан кечлуш ю Нохчийчоь

Республикин пачхье йиллина 200 шо кхачар даздарна кечамбарца а, иза дIадахьарца а доьзна гIуллакхаш ду Нохчийчохь дIахьош. Нохчийн Республикин культурин министерствос культурин цхьамогIа объекташна ремонт йина. Царна юкъахь ю I.Шахбулатовн цIарах йолу Нохчийн пачхьалкхан филармони, А-Хь.Кадыровн цIарах йолу Сийлаллин хIолламан комплекс, В.Татаевн цIарах йолу Культурин а, искусствон а нохчийн пачхьалкхан колледж, Республикин культурин а, искусствон а туш.

Иштта, дезде тIекхочуш республикин пачхьенна лерина культурин гIуллакхаш а дIадаьхьна министерствос. Цу юкъахь: пачхьалкхан «Вайнах» хелхаран ансамблан «Соьлжа-ГIалара безамца» цIе йолу гастролийн дуьненаюкъара тур, «Соьлжа-ГIалин истори – музыкин говзаршкахь» музыкин-театральни постановка, заьIап берашна лерина берийн кхоллараллин «Седарчийн гулар» фестиваль, Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионашна юкъара «Соьлжа-ГIала – машаран векал» берийн хореографин коллективийн фестиваль, тайптайпана конкурсаш, гайтамаш, и. дI. кх а.

ХIокху гуьйранна Индин культурин фестиваль а дIахьур ю Нохчийн Республикехь, Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна леринчу даздаршна юкъагIур ю иза а.

Дезачу денна кечам беш ю Соьлжа-ГIалин мэри а. Шинарин дийнахь дIаяьхьначу кхеташонехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллира пачхьенан юбилейна кечамбаран оперативни штаб кхоллар. Цунна куьйгалла дийр ду Счетни палатин председатела Тумхаджиев Iийсас.

Соьлжа-ГIалин дукхапетарийн цIеношна хьалхара майданаш а, гонахара меттигаш а куьце ялор тIедужу штабана. Куьце ялон ерг ерриге а 630 уьйтIе ю, царах 456 – хьалхарчу муьрехь.

Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима дийцарехь, ах гергга уьйтIенаш куьце ялоран жоьпалла республикин Куьйгалхочо шена тIелаьцна.

Пачхьенан юбилейна кечамбаран а, иза дIаяхьаран а программица культурин тIаьхьалонан 12 объект тойина Соьлжа-ГIалахь.

ТIеман ши кампани дIаяьллачул тIаьхьа дийна дисина 4 цIа а, хIолламаш а бу уьш. Оцу объектех цхьаъ хIокху шеран хьаьттан (август) баттахь схьаелла лерина ю.

А.ВАХАЕВА

№46, пIераска, асаран (июнь) беттан 22-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: