Берийн чIогIа самукъадаьллера

Асаран (июнь) беттан хьалхарчу дийнахь, Соьлжа-ГIалин библиотекин №4 йолчу филиалан уьйтIе цхьа башха кечйина яра. Арахь го баьккхина дIаоьхкинчу лоппагаша, берийн книгаша кхин а хазйинера майда.

Бераш лардаран дуьненаюкъара де билгалдаккха кечбеллера библиотекин белхахой. Цара хаза цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера берашна лерина.

Соьлжа-ГIалин библиотекин тайп-тайпанчу филиалашкара белхахой а, жигара ешархой а бара цигахь дакъалоцуш.

Цхьаьнакхетар дIайолош бераш декъалдира коьртачу библиотекара Исраилова Лизас.

– Бераш лардаран дуьненаюкъарчу денца ас даггара декъалдо шу. Шу – вайн къоман кхане ю. Шу тахана доьшуш а, хааршка кхийдаш а, гIиллакхе а хилахь тхуна боккха юьхькIам а, дозалла а ду. Шу тахана кегий ду. Жима волчу хенахь Iамийнарг дика схьалоцу, цундела, шун таханлера коьрта Iалашо дешар ю, – элира цо.

Цул тIаьхьа берашна лерина викторинаш а, ловзарш а хилира. Цара хазахетарца дакъа а лецира цигахь. Хаалора бераша шайн мукъачу хенахь книгаш йоьшуш хилар.

Конкурсаш чекхъевллачул тIаьхьа, жигарчу ешархоша шаьш кечйина йолу программа гайтира. Иллеш олуш, эшарш локхуш, байташ йоьшуш дIадаьхьира кхидIа а бераш лардаран денна лерина долу цхьаьнакхетар.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: бераш лардаран денна леринчу цхьаьнакхетарехь

№46, пIераска, асаран (июнь) беттан 22-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: