ХIокху деношкахь белхан гIуллакхца СоьлжаГIала еана йолу Iуналлин советан дайначу а, лазийначу а берашна гIо даран къоман туьшан председатель Мильская Елена Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхийтира. И шиъ цхьаьна Гуьмсан кIоштан коьртачу больницехь хилира.
Цигахь уьш хьаьвсира Москван З.А.Башляеван цIарахчу (Тушински) гIалин берийн клиникин больницин лоьраша Нохчийн Республикехь бераш тIеоьцуш бечу балхе.
Цигара лоьраш Нохчийчу баьхкина дайначу а, лазийначу а берашна гIодаран къоман туьшан «Могашаллин дакъа» программа кхочушъяран гурашкахь.
Берашка хьовсуш бу лаккхара корматалла йолу говзанчаш, коьртехь лакхахь билгалъяьккхинчу больницин коьрта лор, Москва гIалин коьрта педиатр, берийн коьрта нефролог Османов ИсмаьIал волуш.
Лоьрийн бригадехь 14 стаг ву. Тайп-тайпанчу дакъошкахула говзанчаш бу царна юкъахь: хирург (3 лор), ортопед, нефролог, ультраозан диагностикин лор, офтальмолог, кардиолог (2 лор, царах цхьаъ – госпитальни педиатрин кафедрин профессор), клиникин фармаколог, невролог, нейрохирург, педиатр.
Нохчийн Республикехь болх бечу шина дийнахь 700 сов бер тIеэцна лоьраша.
Москвара лоьраш хьовса безачу, хала цамгарш йолу бераш дIаяздинера Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос. Цул сов, шаьш тIебаьхкинчеран берашка а хьаьвсира лоьраш, тIаьххьарлера дархо чекхваллалц.
Къаьсттина хала цамгарш йолуш, операци ян езаш долу бераш Къоман туьшо дарба дан Москва дIадуьгур ду.
Кадыров Рамзана а, Мильская Еленас а, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министраца Сулейманов Эльханца а, Гуьмсан кIоштан коьртачу больницин коьртачу лоьраца Энганоев Илесца а цхьаьна больнице бIаьрг туьйхира — цхьана кабинетехь дархой тIеоьцуш профессор И.Османов вара. Нохчийчохь уггаре а яьржинчу берийн цамгарех а, царна дарба дарехула кхузаманан медицинин йолчу таронех а лаьцна дийцира цо республикин Куьйгалхочунна.
И.Османовс билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь берашна медицинин гIо даран лаккхарчу тIегIанах ша цецваьлла хилар а, кхузарчу лоьрийн говзалла лакхаяккхарехь ша гIо дан кийча хилар а: «Н.И.Пироговн цIарахчу РНИМУ-н (авт.: Россин къоман талламан медицинин университет) педиатрин клиникехь тайптайпанчу говзаллашкахула нохчийн лоьраш а Iамо кийча ду тхо. Къоман туьшаца цхьаьна оха кхочушъеш ю «Телемедицина» проект, иза бахьанехь Нохчийн Республикерчу лоьрашца даима зIенехь хила, хала дархо нисвеллачохь дан оьшург хьеха а таро хир ю тхан».
Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехатца совгIат дира И.Османовна. Иштта, Москвара баьхкинчу кхиболчу лоьрашца а, цомгашчу берийн дай-наношца а къамел дира республикин Куьйгалхочо.
А.ВАХАЕВА
№47, шинара, асаран (июнь) беттан 26-гIа де, 2018 шо